керстий ца къестош, дуьхьал мел нисвелларг талош, кху туркойн махкахула волалур ву-кх. Дуьхьало йийриг шен ворхӏе а дена тӏаьхьа а вохуьйтуш. Вайх къахеташ ца ваьллий цхьа а!
Тарам тӏаьхь-тӏаьхьа карзахвуьйлура. Бодашкахь цуьнан бӏаьргаш берзачех лепаш хетара ӏелина.
– Вуьшта а бӏарзбелла хьийзачу нахана йукъа и питанаш ма тийсахьа, Тарам, – элира цо. – Шу масех стаг вара нах оцу шахьарна тӏелата кӏамбинарг. Ӏедало, кхуза эскарш оьзна, лаг лоцур ду вайн.
– Туркойн данчӏарийх кхоьрург шен отехь ӏийчахьана, дӏадолура иза-м. Нах кхеро ма гӏерта… Оьрсийн салташа когаш тоьхча а уьду туркой хӏун йу вайна!
– Хӏорш нохчийн лаьмнаш дац хьуна, кӏант. Цигахь хьо оьрсел толориг, хьуна ницкъ лург хьан даймохк бара. Кхузахь зударший, бераший куьйгаш дихкина вайн. Туркойн ӏедал мел къиза ду хиъна вайна хӏинцале. Цо къинхетам бийр бац зударех, берех.
– Мелхо а, дика ду-кх иза. Кхузахь догӏаней, малхей хевшина, мацалла кӏез-кӏезиг лечул, жимма йуьхьа тӏехь бос болччуьра, цхьана дийнахь делла дӏадовлар тоьлу. Мацалла мажделла, массо пӏенда тӏе а баьлла шайна дуьхьал даьхкича, вукху дуьненахь вайн дайшна-м вай девзар дац. Царна ца вовзарх-м, сатуху дарий, хӏуьрлаӏанан мехкарийн дог догӏур дац-кх вай йакъазаршка хьовса. Нийса бохий ас, Маккхал?
– Иштта-м дара иза, Тарам. Делахь а, вешан йахь йухкийла ца лаьара-кх суна. Аш Муша тӏехь диначо гӏеххьачул сий лахдина вайн. Аьрзуга айса хӏун аьр хаац.
– Йахь. Оьздангалла, – ша шега санна, вистхилира Тарам. – Иэхь хета меттиг битина ца хилча? – хаьттира цо, Маккхална тӏе а вирзина. – Тахана, лакха гу тӏе а ваьлла, дуьнене бӏаьрг бетташ ӏара со. Кхаш тӏера йалташ чудерзош бу туркой, эрмалой. Маьӏ-маьӏӏехь четарш диттина, жаш дажош – курдой. Ловзуш лела кегий бераш. Цара чудерзо йалташ, дажо жаш оцу къахьоьгучийн ца хила а мега. И нах ахь буьйцучу элашна бецаш хила а мега. Хӏетте а, ма хьогаме хьийжира со цаьрга. Цхьа дол бен йацахь а, шайн лаьттан коржам, суьйранна чуберза цӏийнан лаппагӏнаш, маьрша къахьега таронаш йу церан. Ткъа шо зама йу, цара санна, маьрша марс-мангал, нахаран баьлчаш каралацаре, йукъахара герз даьстина, буса маьршша охьавижаре ас сатуьйсу. Къизачу