Паччахьан ӏедало!
Дендайха дисина
Болатан ва герзаш
Сарагах хийца, бах
Паччахьан ӏедало!
Соьцанна кхиъначу
Динара чувоссий,
Гӏашсалти хила, бах
Паччахьан ӏедало!
Сан вежарий байъинчу
Цу Делан мостагӏийн
Лай хилий, саца, бах
Паччахьан ӏедало!
Цаьрцанна охьавуьжуш,
Метта-мотт цхьаъ болуш,
Цхьана шуьнахь важа, бах
Паччахьан ӏедало!
Сан Дала, хьарамйеш,
Ва суна йихкина
Хьакхарчий йаа, бах
Паччахьан ӏедало!
Чорас наггахь бен ца олура илли. Ша ламаз-марха дика лелош велахь а, зуькаран мукъам ца бора цо. Йа, ӏелина хетарехь, и ша хӏинца эриг доцург, кхин хууш илли а дацара цунна. Амма гӏоргӏачу мукъамца цо илли долийча, хаа дара цуьнан кийра хьийзаш цхьа сингаттам хилар.
Го кхаьчча, стерчий а совцийна, хьаланисвеллачу ӏелас регӏан басешка бӏаьрг туьйхира. Цхьа моллин Шахьбин а, Хортӏин а кхаш тӏера боцурш, берриг а ахархой, шайн готанаш дӏа а хоьцуш, делкъе йан а, ламазна а кечлуш бара.
– Айза, ас стерчий дӏахоьццушехь, хьуьн чу йалий, жимма хьонка баккхахьа, – дийхира цо зудчуьнга. – Нитташ хилча, дика-м хир дара. Хьан туьха дац, моьтту суна?
– Хьуна бохуш лелош, цхьакӏеззиг-м ду. Деши санна, даздели иза. Герка туьханах гирда хьаьжкӏаш йоьху Хортӏас.
– Талу хилла, кийра хьаьвзийла цунна иза! – сардам боьллира ӏелас. – Гирда хьаьжкӏаш хилча-м, суна туьха а ца оьшура. Адамийн гӏаддайча, Дала ло-кх цунна. Делахь, нитташ бахахьа. Хьо йухайаллац, ас берашка ладугӏур ду.
Айза ӏинехьа варша йисте йахара. Багах чопаш охкийна, ӏеле хьаьвсира гӏелделла стерчий. Шина стеран ира букъан сирташ, тӏейевлла хенан маьӏигаш, пӏендарш, деттало чож гиначу ӏелина къахийтира цаьршиннах. Дукъера баьлла и шиъ, бегабелла, бажа хӏоьттира.