векал а ву.
– Цигара дӏа зӏе тухур йара-кх цо.
– Кӏентий, паччахьца дийцарш дан доьлча, гена дер ду вайн гӏуллакх, – къамелаш совцийра Аьрзус. – Гарсиний дайна, и оьрсийн паччахь Муше хиъна ӏаш вац. Вай йаздина, камсарна тӏедаьхьча, цо Уьстамаларчу шен векале а делла, иза Петарбухе дахьийтина, цигара жоп дале, шо дер ду. Цул сов, со тешна вац, оьрсийн паччахьо вайна цӏехьа дерза бакъо лург хиларх. Шуна ма-хаъара, схьакхалха пашпурт караэцнарг а цӏахь ца витира цара. Лаахь а, ца лаахь а махках вала, элира. Оцу агӏонах догдилла деза. Вай дича ден дерг хӏун ду аьлча, оцу оьрсийн камсаре а, Нусрет-паше а кху меттигашка дӏатарде, ца тардахь, тхо тхайн цӏа доьлху, алар ду. Шуна хӏун аьлла хета?
– Хьо бакълоь, Аьрзу. Нахана цӏа берза лаьа. Кхузахь шаьш делла кхачадалале. Амма сихо йан йеза. Хӏинца новкъа девлча, валаза виснарг ӏа долале даймахка дӏакхочур ву.
– Кхин хьелахь, тӏаьхьа-м хир ду.
– Делахь хӏета, оцу тӏехь и гӏуллакх чекхдолуьйту вай. Амма новкъадовлар а, цӏадерзар а цхьана дийнахь нислур дац вайн. Схьадогӏуш санна, тобанашка а декъаделла, новкъа довла дезар ду.
– Иза тӏаьхьа дуьйцур вай. Сийсара цӏа ма-кхеччинехь, суна хезначу цхьана хабаро дог дохийна сан.
Хьалха ӏачу нехан кортош охьадахара.
– Вайн вархӏий дайшкара охьа, тӏаьхьено тӏаьхьене луш, схьайогӏуш оьздангалла йу вайн къоман. Вайн къомах ца ваьлла лай. Шен гайн тӏингар йузорхьама, къоман сий духку стаг нажжаз вина вай. Дикане кхаьчча, кура а ца бийлла вайн дай, бохам тӏебеъча, чӏеӏаш а ца хилла. Мацалла а лайна, ӏожаллина хьалха нисбелча а, бӏаьрнегӏар а ца тоьхна. Амма, даймахкана генадевлча, хийрачу махка, хийрачу къаьмнашна йукъа нисделча, воцург а къонах хила везачохь, йоӏбӏаьрг санна, оьздангалла ларйан йезачохь, вешан къоман сий лардан дезачохь къонахаллех а, оьздангаллех а боьхна цхьаберш. Гондӏарчу йарташкарий, шахьарарий цхьаьнакхетта, тахана кхуза а баьхкина, туркоший, эрмалоший диначу къамело эхь хетийтина, цӏе латийна сан йуьхь хӏинца а йогуш йу. Наха Мушахь диначу талораша эхь дина вайн къомана. Кху туьпарчара шаьш, шайн кхоллам кара а белла, шайн баьчча вина хьалхатеттина со. Туьпахь низам ца латтийча, адам