– Цкъа хьалха ма-хуьллу гӏуллакх машаре дерзо хьовса деза, цахуьлучу далахь, дуьхьало а йийр йу-кх.
– Кхин некъ буй гайта?
– Бац.
– Ойланаша хьерадохуш лаьтта вай-м. Дахдина хӏун до. Хьайн сацам схьабийца, Аьрзу.
Волавелла лела Аьрзу, саца а сецна, нахана тӏевогӏавелира.
– Дика ду хӏета. Тӏаьххьара минот тӏехӏотталц, гӏуллакх машаре дуьйцур вай. Амма, вайн дехарш йуха а тоьхна, и туркой нуьцкъаха вай кхузара дӏадаха гӏортахь, дуьхьало йан лаьа-кх шуна?
– Дера, кхин некъ-м ца буьсу.
– Делахь, дан дезачух дагадевр вай. Хина тиллинчу доккхачу тӏайх сехьабаьлла некъ шина лома йуккъехула схьабогӏу. Шина а агӏор хьаннаш йу. Хьун йу тӏайл дехьахь регӏаца а. Нагахь вели шен эскарца схьавагӏахь, иза туьпахь тӏеэца гатте йу. Тӏе, тӏом хилахь, аьтто боцуш меттиг а нисло. Зударий, бераш, цомгашниш а кхерамна кӏел буьсу. Суна хетарехь, вели а, цуьнан эскарш а кешнашна дехьа, лома кӏел, шерачу арахь тӏеэца беза. Гӏайракх, маса говр йу туьпахь? – хаьттира цо ша цӏера ваьлча туьпахь шен метта висинчу Гӏайракхе.
– Йерриг а – шиъ ах эзар. Гӏийланиш цхьаьна йагарйича.
– Тӏамна мегарш?
– Ши эзар.
– Бӏаьхой, герз а мича хьолехь ду?
– Нийсса аьлча, хьо воьдуш хилларш бац бӏаьхой. Дикка белла, цомгашниш а бу. Хӏетте а, кегийраш а йукъаозийча, пхи эзар бӏаьхо тарлур ву. Цхьана кӏиранах тӏом бан хӏоъ-молха а ду вайн.
Аьрзус жимма ойла йира.
– Хӏета, ладогӏал сан омране. Вели вай тӏеоьцу волчу ара, пхиппа бӏе нисвеш, цхьаъ-ах эзар дошло дӏахӏоттаве. Уггар тоьлла говраш, андий дошлой хьалха а, агӏонашца а хӏиттош. Ледара говраш, гӏийло бӏаьхой йуккъе а, тӏехьа а нисбеш. Царна тӏе хьо хӏоттаво,
Чора. Оцу ара, хьуьнан йистаца, пхи бӏе гӏашло а хӏоттаве. Царна тӏехь куьйгалла хьуна тӏе дуьллу, Мовла. Хьо, Довта, уггар дикачу говрашкахь уггар говза кхо бӏе дошло эций, кешнашна сехьарчу хьуьн чохь кӏелонна хаа. Тӏайл сехьа ма-велли болу боьра пхи бӏе дошлочуьнца ахь дӏалаца, Гӏайракх. Хьайн бӏаьхошца, Тарам, тӏай тӏера схьа некъан ший а агӏо ахь дӏалаца. Къосам, бисинчу нахаца туп хьох тешийна йуьту. Зударий, бераш арадахий, цӏано йайта.