– Тахана, кха тӏе йогӏуш, новкъахь Эсет кхийтира сох, – элира Айзас, ӏелин дагара хиъча санна.
– Мила Эсет? – хаьттира цецваьллачу ӏелас.
– Мила Эсет бохург хӏун ду? Гати-Юьртахь цхьаъ бен йуй Эсет?
– Гатин зуда йуьйцу ахь?
– Цхьацца дуьйцуш йогӏуш, Кӏант хьахавелира тхойшиннан. Цаьршинна хӏинца а деза вовшийн…
– Эрна деза. Иза йеза декхар дац Аьрзун. Цаьршимма дицдан деза вовшийн. Марехь зуда йу Эсет. Стаг оьзда хила веза.
– Цаьршиннан дагара цхьанне а ца хаьа…
– Дика ду-кх, ца хиъча. Хиъча, эхь а ду.
– Иштта ала атта ду, стаг. Хьо, хьайна йеззарг а йалийна, охьахиъча, дезаш вовшехдаьллачу цаьршиннах дог ца лозу хьан?
– Ас хӏун дан деза? Азаллехь рицкъанаш цхьаьна йазделла ца хилла-кх цаьршиннан.
Шина а некхах декхначу берана йуха а наб кхийтира. Аганна тӏе шен тиша, боьзан кортали а тесна, гаьнгали лестош, ӏелина улло охьахиира Айза.
Генна регӏан баса а вогӏавелла, ойлане велира ӏела. Хӏаъ, дукха хан йара байлахь висинчу шина вешин зударий бало хан йуьзна. Шайна безаш мехкарий боцуш а, йа шаьшшиъ мехкаршна ца везаш а ца ӏийра и шиъ ткъе итт-пхийтта шераш дуззалц. И неӏалт хилла тӏом бара дерригенна а бехке. Оцу тӏамо ца вуьтуру и шиъ цӏийнан лаппагӏа йогӏа а, денза дисинчу ирзо тӏе хьовза а. Дерриг халкъо санна, цаьршимма а мерза сатийсира тӏом чекхбаларе. Везачу шиннан аьттоне хьоьжуш, мехкарийн хенал тӏехтилира Айза а, Эсет а. Амма Нохчмахкахь тӏаьххьара тӏом хуьлучу шарахь винчу йуьртахь, шен ворхӏ бер салтийн къизаллех лардеш, букъа тӏехьа а лаьцна, шен неӏсагӏи тӏехь вуьйжира Эсетан да Билал.
«Нийса гӏулч тесна Эсета, – бохура ӏелас шега. – Кхечу агӏор хила йиш а йацара. Шел кегий йижарий, вежарий ларбеш, Билала дахар санна, цавезачу стаге а йахана, шен ирс дӏаделла цо».
– Суна хетарехь, Аьрзус зуда йалор йац, – элира ӏелас эххар а.
– Хӏунда? Зуда йоцуш мегар вуй иза?
– Чорас дийцира суна, вайшиннан доьзал кхиъча, тхан цӏийнан тӏаьхье йовр йац, шена и тоьу, аьлла цо, бохуш. Шен са къоман гӏуллакхна дӏадала нигат дина, сецна Аьрзу.
Айзас, агий, гаьнгалий шена тӏе а озийна, шен ӏаьржа баккхий бӏаьргаш дехаре стигала хьовсийра.
– Хӏай везан Дела, йуха а гур ду-те тхуна и къемат-де? – ненан бӏаьргаш хих буьзира.