Цкъа ас гойтур йу хьуна иза.
– Пурба лохьа, господин поручик, ткъа мадемуазель… Жабох хӏун до ахь?
– Иза-м дӏадахнарг дара! – куьг ластийра поручико. – Чӏогӏа шийла стаг йу иза. Тахана ас дан дезаш сиха гӏуллакх-м дац вайн?
– Дац. Хӏунда хоьтту ахь?
– Гӏалел ара сакъера ваха дийцинера ас цхьана йоӏаца…
– Дӏагӏо хьо. Дала аьтто бойла хьан!
Цӏа чохь ӏатӏаран хьожа а йитина, дӏавахара поручик. «Тамашийна стаг ву. Дозалла дезаш. Амма ша ледара эпсар а вац. Хӏун боху-те Тифлисо? Сан боьхначу аьттонна жоп дац-те?»
Схьаэцна пакет тукарца хадош схьа а йиллина, чуьра кехаташ схьадехира Зеленыйс.
«Эрзерум. Оьрсийн консульстве. Генеральни штабан капитане А.С. Зеленыйга.
Господин капитан!
24-чу июлехь Нусрет-пашега ахь йаздинчу кехатан а, 25-чу июлехь цо хьуна даийтинчу жоьпан а копеш а, 25-чуй, 26-чуй июлехь йаздина № 8, 10 йолуш Коьртачу Штабе ахь дахкийтинчу рапортийн копеш а Цуьнан Императорски Локхаллин лаамца Теркан областан начальнике инарла-лейтенанте Лорис-Меликовга йахьийтира, ахь йаздечу гӏуллакхах, йа вуьшта аьлча, кхелхина нохчий Битлисана тӏера Малхбузехьа, Шамски ломан къилбе агӏонца дӏатарбан йолчу туркойн ӏалашонах лаьцна цунна хӏун хета хьовса.
Нохчий Турцехь дӏатарбаран гӏуллакх тӏехь инарла-лейтенантан Лорис-Меликовн гайтамашца куьйгалладар тӏедуьллу хьуна.
Полковник Богуславский»
Шолгӏаниг Лорис-Меликовс цунна дуьхьал Карцовна жоп луш йаздина кехат дара:
«Хьомсара государь Александр Петрович!
…Кху карахь йолчу хенахь цхьа а тайпа шеко йац кху шаренна чекхдолуш лаьтта нохчий кхалхоран гӏуллакх вайн дог резадолуш доьрзуш хиларан а, вай хьегна инзаре къа а, цунна йина йаккхий харжаш а кхалхоран гӏуллакхан жамӏаша меттахӏиттош хиларан а, хӏунда аьлча оцу кхалхаро тӏеӏаткъам бина нохчийн халкъ хӏинцале а кийча ду муьлхха а вайн лехамаш цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш кхочушбан… Кхалхийначех дисинчу, вайн дола девллачу, бухабисинчу бахархошний, гӏалгӏазкхашний чӏогӏа оьшуш хиллачу лаьтто бина аьтто хилла ца ӏа ас буьйцург. Хӏара ас дуьйцу жамӏаш хила йиш йацара, хьалхара дош ваьш аларца дерриг а гӏуллакхийн мукъ вай вешан кара ца лаьцнехь. Ала деза, кхелхинчарна