официальность сайца ма лелайе, – воьхна хьийзачу салтичух бехкбаьккхира Зеленыйс. – Вуьшта а кхузахь са логе кхаьчна со хьийза, ткъа хьо хьайн «хьан оьздаллица» йукъагӏерта. Хӏан, хӏун ду хилларг?
– Александр Семенович, виъ нохчо…
– Йуха а – нохчий! – ши куьг дӏаса а тосуш, белшаш хьалатуьйхира капитано. – Анисимич, маца гур йу-те суна хьан догдикаллин чаккхе? Хаьий хьуна, кху беттаниг хьовха, тӏебогӏучу шина-кхаа беттан алапа а, вуьшта сан ӏаьӏнарг а вайша диъна ваьлла, аьлча а, ахь оцу мискачу нохчашна дӏадекънийла? Ткъа вайша, дахка санна, казенни ахчанах леташ ву. Цхьа масех денна олий, кхачанан сурсаташ оьцу ахь, ткъа шолгӏачу дийнахь оцунна йуха а ахча доьху. Мича дахана? Нохчийн берашна, гӏаддайначарна дӏадекъна. Хӏара суна тӏехь йерш йоцурш, йерриш сан бедарш а, мачаш а дӏайекъна ахь.
– Бехке ву со, Александр Семенич…
– Бехке ву, бехке ву! – куьг ластийна, меллаша ког боккхуш чухула дӏасаволавелира Зеленый. – Хьоьга бехказвийла ца боху ас, Анисимич. Хаьа суна, къинхетаме а, догдика а хиларал сов, оцу нохчашка чӏогӏа безам болуш хьо хилар, амма луъ-луург дан ма ца тарло.
Капитан цхьана йукъана луьйчуьра сецча, вистхилира салти:
– Александр Семенич, ас хӏун дан деза? И нохчий, шаьш басурманаш, вайн мостагӏий белахь а, майра, тешаме, оьзда нах ма бу. Доттагӏ – доттагӏ ву церан, мостагӏ – мостагӏ ву. Цул сов аьлча, бакъдерг цаьргахьа ма ду. Стенна гӏертара вай церан махка? Вешан, оьрсийн, латта кӏезиг дара вайна? Уьш вайн линешна тӏелетара, олу вай. Ткъа хьенан лаьтта тӏехь йара и линеш? Нохчийн лаьтта тӏехь йара-кх. Уьш шайн даймохк, маршо ларйан гӏертара, ткъа вай, цаьргара уьш ший дӏа а йаьккхина, церан коча ӏазапан дукъ долла гӏертара. Вай церан йарташ, йалташ, бераш, зударий хӏаллакбора, цара дуьхьало йора. Хӏан, ницкъ эшна, гӏелбелла кӏелбиссалц, вайх лийти уьш, вай туьйли оцу цхьа кана турпалхойл. Хӏан, мохк а схьабаьккхи вай. Сатуьйхи цара. Маршо а схьайаьккхи цаьргара. Сатуьйхи цара. Хьуна новкъа ма хета, Александр Семенич, тхо, ахархой, адамийн хьесапехь ма дацара Россехь. Духкура, оьцура жӏаьлех, говрех хуьйцура. Йеттара, Сибрех хьийсадора. И эхье крепостни лолла шайн коча