кхин садаӏар доцуш йуха муха доьлху? Шуна хьешан цӏа-м дац сан. Амма божал ду чохь сийна йол йолуш. Анисимича, хаза дуза а дина, цу чохь паргӏатдохур ду шу. Ӏуьйрре гӏевттина, новкъадевр шу.
Ши хьаша вовшашка хьаьжира.
– Шуна новкъарло хирг ца хилча, говрашка садаӏийтархьама, ӏийр-м дара тхо, – элира Маккхала. – Буьйсанна уьш йажо меттиг хир йац тхуна…
Ткъа хӏокхеран даймахкахь хӏинцале а хӏорш «тӏеэца» кечамбеш бара:
«Теркан областан Тӏеман Йуккъерчу Отделан Начальнике инарла-майоре эле А. Тумановга.
№ 2244, 18 август 1865 шо
Хьомсара Государь Александр Георгиевич!
Сох тешийначу областера кхелхина Турце боьлхучу туземцийн тӏаьххьара парти 17-чу августехь кхузара дӏайахарца а, кху шарахь кхин тӏе кхалхор сацорца а доьзна хьан сийлаллина тӏедуьллу ас хьайх тешийначу Отделера цхьа а доьзал хӏинцачул тӏаьхьа Турце дӏацахецар. Ткъа кхелхинчу ламанхойх сан Канцелярера билет доцуш шен даймахка цӏа бирзина нах, нагахь церан карахь вайн консулато визировать дина паспорташ делахь, гонаха ха а хӏоттадай, Владикавказе схьахьовсабе.
Цуьнца цхьаьна хьоьга дӏахоуьйту ас, нагахь санна Турцера цӏа веана стаг цхьамма къайлаваьккхина меттиг хилахь, наибаша цунах уггар луьра жоп дала дезар а, ткъа и стаг цӏаверзар шен хеннахь ӏедале ца хаийтина йуьртда Россех дӏавохуьйтург хилар а.
Инарла-лейтенант Лорис-Меликов»
«Аргунски Округан начальнике майоре Ипполитовга:
Хьан оьздалла!
Цуьнан локхаллин Теркан областан Начальникан инарла-лейтенантан Лорис-Меликовн омранан копи хьоьга дӏайаийтарца, хьан оьздалле дехар ду сан, хьох тешийначу Округера Турце кхелхинчу нахах Теркан областан Начальникан Канцелярера билет карахь доцуш шайн даймахка цӏа бирзина нах хилахь, йуххе ха а даьккхина, уьш сихонца Владикавказе дӏахьовсор, Турцера цӏа баьхкина и нах левчкъина муьлхачу йарташкахь хилла хаийтар а.
Инарла-майор
эла А. Г. Туманов»