тӏаккха йуханехьа бӏаьрг кхерстабора хьалха лаьттачу лекхачу дегӏара озачу стаге. Ша мел гӏелвеллехь а, цо курра агӏор тесна латтабора баьлла корта, дегӏах цӏе йилла санна, цуьнан йуьхьа тӏера схьахьоьжура майра ши бӏаьрг.
«Ванах, мичахь гина-те суна хӏара стаг? – ойла йора Кундуховс. – Хӏинца хӏорш бовза хала ма ду. Хьанна хаьа, хӏара суна хьалха лаьттарг мацах цкъа со лиллина йа ас лиллина наиб хила а тарло». Мел ша кура, къиза велахь а, и гӏелделла, гӏаддайна, ахдийна адамаш гича, ламаст меттахъхьайра Алхазан Мусин. «Амма мисканийн кхо бутт хьалхалерчу элдар догӏмех, шайн майра дегнаш доцург, хӏумма а ца дисна-кх хӏинца. Ас гӏо дира паччахьан правительствона хӏорш ӏехош махках баха. Гечдийр дуй-те суна Дала? Цо гечдича а, кхеран тӏаьхьено?»
– Бехк ма биллалахь, суна хьо вовзац, – элира цо эххар а.
– Хӏунда буьллу! Тахана цхьанне а ца лаьа тхо довза. Тхоьгара кхета дика дац. Тхо йухадерзийнарг, тхо къиза хӏаллакдинарг чинехь, даржехь лакха-м воккхур ву. Ткъа чаьлтачанна шен шаьлтанна кӏел корта буьллург вовза ца лаьа. Дагадогӏий хьуна, диъ шо хьалха ахьий, Чермин Орцассий бенойн йарташ а йагийна, карахь мел долчух баьхна, цигара бахархой ӏаьнан шелехь берашца хьаннашкахь, таллархоша акхарой санна, лоьхкуш лелийна?
Кундухов, Аьрзуна жоп ца луш, говрара охьа а воьссина, урх нуьйран хӏоьах тесна, некъана йуьстаха корта тосуш, шена уллохь лаьттачу эпсаре масех дош а аьлла, йуха Аьрзуна тӏевирзира.
– Кху адамашна хьалхара дӏавала вайша?
Цунна гонаха лаьттачу эпсарех цхьамма, мажбелла лаьттачу бай тӏе жима куз а баржийна, оцу тӏе горга ши гӏайба тесира.
Цаьршинца йуьстахволуш кхозлагӏниг гина, ӏела царна тӏаьхьахӏоьттира.
– Хӏара соьца верг сан ваша ву, – элира Кундуховс, Аьрзуна тӏаьххье охьа а хууш.
– Вевза суна Апако.
– Ас сайн паччахьо сайна тӏедиллина декхар кхочушдора, – хьалха Аьрзус йукъадаьккхинчу къамела тӏе йухавирзира Кундухов. – Бойсагӏар, Солтамурд, ӏуммий, Атабий – уьш бара оцу шарахь ӏенийначу цӏийна бехке.
– Ткъа нохчийн долара мегаш долу латта дӏа а даьккхина, уьш дерзинчу лаьмнашка а боьхкина, мацалла бала битарна бехке мила вара?
– Вайн цигара дисина халкъаш санна,