динарг-м хьо ву, Муса. Нах тешара хьох, ахь деллачу дашах. Ламанан кӏенташа дош лардо. Иштта схьадогӏуш гӏиллакх ду вайн дайшкара. Нахана хьо къонах ву моьттура, ткъа иза бакъ ца хиллера.
«Хьажахьа хӏокху писан хецайалар! – дагахь йаппарш йора Кундуховс. – Лергах а хьокхий со! Хӏокху туркойн жоьжахатино а ца йожийна-кх кхеран ӏовдал куралла. Схьа а лаьцна, ваьхьна Диарбекиран набахте таса веза!.. Хӏан-хӏа, и дан ца тарло. Цо зулам дийр ду сан ӏалашонна. Хӏокхарна дуьхьал ас ницкъ баккхахь, хӏуй-пака хуьлу ас даим а дагахь латтийна, шен дуьхьа ас оццул хан а, ницкъ а байъина сан мерза сатийсамаш. Ас кхарна дуьхьал герз айъахь, бисинчу нохчашна йуккъехь сий довр ду сан. Айса оццул леррина кху хьола тӏе далийна сайн гӏуллакх хӏара тӏуьйлигаш бахьана долуш дохо деза ас? Хӏуъу хилча а, дохор дац! Тӏехула тӏе, кху эскаро кхерор а буй ткъа уьш? Шаьш тӏаьххьара сауьйзуш белахь а, летта бала кечбелла. Суна-х йевза кхеран хьере майралла. Хазачу дашо бен берта балор бац. Хӏумма а дац, мел сайн сий дахь а, нийсачо нийсачуьнца санна, къамел дер ас кхуьнца. Дехаре ваьлча а дац хӏумма а. Парижан дуьхьа-м ламаз дан а мегар ду, аьлла-кх Генрих Навварскийс…»
– Цкъа-делахь, ас хьоьга доьхур ду, айхьа олу дош ойла а йина алар. Хьан къамел дукха шога а, со ца лоруш а хетало, – элира Мусас, шен оьгӏазвахар сецо а гӏерташ. – Шолгӏа-делахь, нах Турце кхайкха Нохчийчу ца веана со цкъа а. Шун йартийн тхьамданаш сайх дагабовла со волчу баьхкича, ас сайна хетарг аьлла.
– Хьо-м ца веара, хӏара хьан ваша Апако-м лийлира хьан дагахь дерг шегара долчуха къайлах-къулах а нахала даржош.
– Хьо Делах тешахь, тешахьа сох, Аьрзу. Суна ца моьттура айса долийначун тӏаьхье иштта декъаза хир йу. Шуна дика болх бан гӏиртира со. Мегаш долу латта дӏа а даьккхина, лаьмнийн кӏажа дерзийначу шуьгахь ирча хьал дара. Оцу гӏелонах хьалхадовла шуна кхоъ бен некъ бацара: йа мацалла далар, йа сагӏа деха арадовлар, йа шайгара дӏадаьккхина латта герзаца йухадерзор. Суна хаьара аш тӏаьххьара некъ харжар. Йуха а цкъа цӏий ӏаназа ца долура, Аьрзу. Оцу хьолехь шу дисича, цкъа а цигахь синтем хир боцийла хуучу оьрсийн ӏедало сацамбинера ах нохчий Гӏебартий, Теркал