дуьненахь ца хиллехь а, хир долуш хӏуманаш дара уьш. Ткъа цигахь а, кхузахь а шун аьтто бан со мел гӏирти хууш вай кхоьллина Дела ву.
– Хаьа тхуна, Муса, – жимма кӏадвелира Аьрзу. – Диарбекирехула дӏа ца дуьгуьйтуш, Мушаний, Байбуртаний, Эрзерумний, Къарсаний уллохь тхо совцо гӏерташ, ахь хьайн ницкъ кхочург лелинийла а хаьа. Амма паччахьан инарла Алхазан Муса диъ шо хьалха тхоьца бертавалийнарг, цигахь а, кхузахь а тхан бала кхаьчна лоьлуьйтург хӏун ду хаац-кх. Хӏинца дӏа ойла йича, хетало, и дерриг ахь паччахьан ӏедалан бертахь лелийна. Нагахь тхо шекдерг бакъ хилла карадахь, ларлолахь, Алхазан Муса. Лаьттах воларх, стигала валарх, тхуна карор ву хьуна хьо!
Кундухов вист ца хуьлуш сецира. Цӏеххьана чу гӏайгӏа йоьссина цуьнан майра ши бӏаьрг тӏуьначу лаьттан некъан йистонца хевшиний, эгний ӏохкучу адамашна тӏехь сецира. Цуьнан омране ладоьгӏуш, кийчча лаьттара туркойн дошлой. Цуьнгара дош даьлча, уьш, жӏаьлеш санна, тӏекхийсалур бу оцу балла бохкучу нахана. Ткъа маса кхачалур ву царах Муше йухакӏегар? Иттех. Бисинарш лийр бу. Хӏетахь кхеран гӏаттам хьошуш-м командованин приказ кхочушдира цо. Йагош, хӏаллакйира дийнна йарташ, таллархочо экха санна, хьаннашкахь адамаш хьийзийра. Амма нохчаша оцу гӏуллакхна бехке командовани ца йира, ткъа операцина тӏехь куьйгалла дина иза, Муса, вира бехке. Хӏинца а, велин приказ кхочушдахь, царна хьалха дерригенна а бехке хир ву. Цунна уггар коьртаниг нохчий шех тешор ду. Ткъа кхеран цӏий туркоша шаьш ӏанор…
Хевшина ӏачу нехан цхьана тобано цӏеххьана гӏийла назма йолийра:
…Бусалба паччахьо ша волчу доьхура,
Кераста паччахьо, цӏахь совца, бохура,
Къемат-де хӏуттуш ду, молланаша бохура,
Цӏе йоцуш, мох боцуш Нохчийчоь йогура,
Мел дезарг дӏатесна, вай махкахдевлира.
Паччахьийн багахь берг йамарт мотт хиллера,
Алхазан и Муса сийна цӏе хиллера,
Ӏуспанан Сайдулла цӏарна мох хиллера,
Стешхачу молланаша вай ӏехош хиллера,
Цара вай кхачий-кха къематан кху дийне…
Оцу назманан хӏор а дош, буроха лерга хьаьвзий, дегӏах лазар тухуш, массо а пхонах чекхдолура Кундуховна. Цкъацкъа ойла хуьлура цуьнан лерга пӏелгаш дохка йа, дина а хиъна, цхьана агӏор