Кундуховс, гӏулч таса кхиале, катоьхна пхьарс лаьцна, лаьтта охьаозийра Аьрзу.
– Хьайн Делан дуьхьа, Аьрзу, со дийцина валлалц, ладогӏа, – дехаре хьалахьоьжура иза. – Хӏинца хьоьца къамел дийриг оьрсийн инарла а йа туркойн паша а вац, ткъа шуьца цхьана лаьмнашкахь вина, кхиъна ламанхо ву…
Аьрзу, тоьхна шен куьг Мусин карара а даьккхина, бӏаьрнегӏар ца тухуш, цунна тӏе а вогӏавелла, сецира.
Ӏелина дика йевзара вешин амалш. Тӏехьашха хьаьжча а хаьара цунна иза гӏийла хилча, самукъе хилча, оьгӏазе хилча а. Ткъа хӏинца Аьрзун йуьхьа тӏера кӏеззиг йисина цӏелла а йайнера, кӏайделла лахара балда цергаца а лаьцна, цо буйна къуьйлура шаьлтанан кӏайн маьӏан мукъ. Цуьнгара цхьа доьхнарг даларна кхеравелла ӏела дерригенна а кечвеллера. Амма Аьрзус, гӏелбелла, хевшиний, эгний ӏачу зударшкий, берашкий, кхерамна кийчча ирахь хьийзачу накъосташкий бӏаьрг а тоьхна, доккха садаьккхира.
– Суна хаьа хьан дагахь дерг, Аьрзу, – йуха а гӏийла къамел долийра Кундуховс. – Суна стешха, йамарт жӏаьла аллаза виси хьо.
– Хӏаъ, цхьана мӏаьргона цу дешнашца жӏаьла сийсаздора ас. Дика жӏаьла тешаме хуьлу шен дений, цӏенний. Ткъа хьо йамарт хилла хьайн дена – оьрсийн паччахьна, йамарт хилла хьайн цӏенна – даймахкана, хьайх тешначу адамашна. Хӏан-хӏа, Муса, жӏаьла аларх, йуьззина ца йолу хьан бакъ цӏе. И миска адамаш дацахьара, хьо ларвеш дерриг туркойн эскарш хиларх, ас са доккхур дара хьан. Хьоьца кху хьан вешин а!
Хӏетталц цхьа дош аьлла а вист ца хуьлуш, шаьлтанан макъар тӏе ка а диллина, шина нохчочунна тӏера бӏаьрг ца боккхуш ӏаш волу доккха, мезалчу дегӏара Афока къамела йукъавуьйлира.
– Ладогӏахьа, Аьрзу, тхо хьоьца адамийн маттахь къамел дан гӏерта, ткъа ахь, кхерамаш тийсина, ӏиттарш йина ца ӏаш, тхо сийсаздо. Нагахь хьо вицвеллехь а, тхаьш хьо винчу лаьмнашкахь дина, кхиъна хиларрий, ткъа майраллей, оьздангаллей диллича, хьол тӏех бен, оьшуш доцийла хоуьйту хьуна!
Аьрзу, вагийча санна, цӏеххьана Афокина тӏевирзира.
– Шуьшиъ кӏилло ву бохург тхуна дага ца деана, Апако. Амма тешам, оьздангаллий хьехо эхь хета дезара хьуна. Шуьшиннан йамартлоно пхи эзар доьзал мацалла хӏаллакби кхузахь. Нохчийчохь тхан