Халонаша аьхна цуьнан майра йуьхь, лекха хьаж. Амма дегӏ ду, чӏу санна, нийса, элдара.
– Совцал! Векалийн некъ лаьцна лаьттара, хьалхаваьлла кхо эпсар а волуш, даьхначу таррашца ахбӏе гергга дошло.
– Мича гӏерта шу? – кӏоршаме хаьттира кхааннах хаза хьовзийна ӏаьржа мекхаш долчу верстинчу эпсаро, байракх карахь хьалхавогӏучу Аьрзуна тӏе а вирзина.
– Шуна ца хаьа, тхо тхешан махка гӏертийла? – хаттар дира Аьрзус дукха хийцам боцуш туркойн маттаца богӏучу гӏумкийн маттахь.
– Ткъа бакъо хьан йелла шуна?
– Аш а, дехьарчу оьрсаша а и бакъо йаларе догдохуш, бутт бу кху Арпачайхь йерзинчу стигал кӏел адам лаьтта. Оцу батта чохь масех бӏе стаг велла тхан.
– Хӏинца хӏун до аш? – ца лоруш, кӏоршаме хеттарш дора эпсаро.
– Къилбаседехьа дӏадоьлху, тхешан махка.
Кхааннах ши эпсар гӏадвахана велавелира. Кхозлагӏниг, къонаниг, резавоцуш хьоьжура цаьрга.
– Кхузахь леш, кхачош лаьтта тхо, – шен декхар дерг дуьйцура Аьрзус. – Схьакхелхинчу тхан нахах ах бен дийна ца бисина. Дийна бисинарш а буй ткъа дийна? Шуна го-кх хӏорш. Даймахках, шен халкъах хаьдда стаг велла ву, цо мел дика хьегахь а. Тхо сингаттамой, мацаллой, цамгарший хӏаллакдо кхузахь. Тхан цхьана йовсарийн гӏоьнца шун а, оьрсийн а ӏедалша ӏехийна тхо. Цунах кхетта нах.
Шолгӏачо, тур санна, хьаьвзина мара, нилха мекхаш, цӏена йаьшна маж йолуш, ийзинчу анашо бӏаьргийн нур дайъинчу озачу эпсаро дӏанехьа, гу тӏе, пӏелг хьажийра:
– Дӏогахь лаьтта йаккхий тоьпаш а, царна уллора салтий а гой шуна? Кхидӏа аш ког баккхахь, шуна тӏетоха дина омра ду цаьрга. Царна тӏехьа пхи эзар дошло лаьтта, шуна тӏехахка кийчча. Церан декъашна тӏехулий бен, тхан дозанал дехьа а девлла, гаурийн махка ког буьллур бац аш.
Ӏела цуьрриг шеквацара эпсаро дуьйцург цара дендерг хиларх. Тӏехдика йевзинера цунна церан къиза амалш. Хӏетте а, Аьрзус кхин дуьйцура:
– Тхо девнна ара ца девлла, эпсар. Ца го хьуна, тхох цхьаннен а йукъах атталла шаьлта а йац. Тӏехула тӏе, кху дуьненахь мел долу герз кара делла, тӏехецча а, цуьнца шуна дуьхьало йан ницкъ ца бисина тхан догӏмашкахь. И нах йа кхузахь лийр бу, йа белла кхачабаллалц къилбаседехьа дӏаоьхур бу. Йуханехьа ког боккхур бац, эпсар.