Тӏехула тӏе, хӏордал дехьара керстанаш тхан кога кӏел латто гӏо деш, хӏонс йужур йу шуна. Къаьсттина хаза хуьлу церан зударий. Ткъа дукха хан йалале, оха шуна гӏо дийр ду шайн мохк маршабаккха. Оха бохург дахь, элий санна, дехар ду шу, ца дахь – кхузахь лийр ду.
Собаречу Аьрзус, кӏоршаме вела а къежаш, ладоьгӏура векъанчу эпсаран къамеле, ткъа сиха Чора оьгӏазе чугӏоьртира.
– Тоийта! И зурма тхуна лоькху дукха хан йу. Хьалха – Нусрет-пашас, тӏаккха – Эмин-пашас, йуха – Алхазан Муса-пашас! Тхо схьакхаьчначу шолгӏачу дийнахь дуьйна! Тхан мохк гаурех маьршабаккха шаьш гӏо дийр ду, тов! Дӏадаханчу дезткъа шарахь-м дага ца даьхкира шуна тхо, итт-цхьайтта шо хьалха оьрсашца шайн тӏом болабаллалц, цара шайга шарбалш йашайайтталц! Баккъал аьлча, кху махка кхаччалц, тхуна моьттура шун бусалба дегнаш ду, шуьгахь ницкъ бу, аш дуьйцург дош ду. Тхуна дан гӏо-м муххале а дацара шун, шаьш а ду шу нахера гӏо оьшуш. Шу девзинчул тӏаьхьа оха сатесна, цӏа а дирзина, керста оьрсашца цхьаьна лулахь, машаре дахаре. Дӏадовла новкъара, тхешан махка дӏадахийта тхо!
– Чора, вон ма ала! – доттагӏчунна муьшка йира ӏелас. – Дов долийча, вай тоьлур дац кхузахь. Тӏаьххьара минот тӏехӏотталц машар бийца беза кхаьрца.
Чорас корта хьовзийра.
– Хӏан-хӏа, ӏела. Машар хуьлучу тӏера дӏадаьлла хӏара, – оьгӏазвахар тӏехдаьлла, вехьара Чора. – Хӏорш къинхетам боцуш адамаш ду. И суначул дика хьайна хуъушехь, лела хьо. Ца го хьуна тарраш а даьхна, чухахка кийчча лаьтта дошлой? Ца го хьуна йаккхийчу тоьпашна уллохь кӏур туьйсу милташ?
Хӏетталц шен вешина а, кхаа эпсарна а тӏера бӏаьрг ца баьккхинчу ӏелина, хьалха дӏахьаьжча, гира цхьаннан омране ладоьгӏу герз карахь туркойн эскарш.
– Совца! Совцаде и жӏаьлеш! – мохь хьоькхура векъанчу эпсаро.
Ӏела тӏехьахьаьжира.
Хӏорш машар бан гӏертташехь, тӏекхиира тӏаьхьабогӏу нах. Чов хилла, дала шен тунгари чу текхачу экханах тарделира ӏелина и адамийн татол. Ши эзар йалх бӏе адам. Зударий, бераш, къенаниш. Чуэгна бӏаьргаш, озий, йакъайелла йаххьаш. Хьокханна тӏеоьхкича санна хетара церан ирйеллачу белшех кхозу мацах цкъа хиллачу бедарийн тӏелхигаш.