Цхьакӏеззиг ханна буьрса тийналла хӏоьттира Нохчийчохь. Амма гена дӏа ца йахара иза.
Имаматан тӏаьххьарчу шерашкахь Шемала махкахваьккхинчу шайхо Кунта-Хьаьжас, имамат йоьжначул тӏаьхьа Нохчийчу а вирзина, кхузахь динан керла вирд а кхоьллина, иза даржорехь а, чӏагӏдарехь а жигара болх болийра.
Сацам боцуш иттанаш шерашкахь бахбеллачу тӏамо а, къизачу паччахьан инарлаша, адамаш дойъуш, йарташ йагош, талош, хӏаллакьхуьлучу хьоле хӏиттийнера ламанхой. Халкъ гӏелделлера, кӏадделлера. Цунна кӏордийнера и чаккхе гуш йоцу тӏом. Ткъа Шемала а, цуьнан имаматан лакхенаша а халкъ хаддаза гӏазоте кхойкхура. Гӏазотехь беллачарна йалсамани хир йу, бохура. Амма адамашна кху дуьненахь машар, маршо, синтем а оьшура.
Къинхетамечу Кунта-Хьаьжас адам машаре кхойкхура. Иза сацамболлуш дуьхьал вара муьлххачу а тӏамна, муьлххачу а тайпана ӏазапна, чӏир йекхарна, доцца аьлча, адаман цӏий ӏанорна. Адамашка, шайн дегнаш цӏанде, оьздангалла ларйе, гӏиллакхе, къинхетаме хила, бохура цо. Вахош долчу маларша, томкано адамийн могашалла талхайо, адам оьздангаллех дохадо, уьш йукъара дӏадахаре кхойкхура.
Тӏамо, адамийн цӏий ӏеноро хӏоттор бац лаьтта тӏехь машар, адамашна йукъахь барт, нийсо а, дуьйцура цо нахе. Машар а, нийсо а, барт а Ша Дела цхьаъ воцчуьнга хӏотталур йац дуьненахь, цундела, йерриг ойла Далла тӏе а йерзайай, собаре хилла, паччахьна, цуьнан ӏедална, хьаькамашна муьтӏахь а хилла, совцаре кхойкхура иза.