– Хаац боху дош деши ду. Хьуна а тоьлу иштта ӏийча. Хьан мекарло бахьана долуш, ца вуьйш, таханенга ваьлла хьо, амма адам цкъа а ца хиллачу тайпана дера ду хӏинца. Наха ловзор вац хьо.
– Тола-м, ша витахь, ӏадъӏийча тоьлу, – корта теӏабора Товсолтас.
– Дика ду, хӏета. Ас начальнике эр ду-кх, ӏедало хӏоттийначу моллас а, къедас а йуьртахь низам латто суна гӏо ца до.
Ӏосин ши хьаша гӏелвелира. Кхоалгӏаниг новкъа вара царах хӏоранна а. Шиъ цхьаьний бен ца хилча, атта хин болу барт, ца хуьлуш, бахбала буьйлира. Ши хьаша, дуьхьало йан ца хӏуттуш, дӏатийра. Вешех а ца тешачу йаьлла хӏара зама. Ткъа ӏосех тешийла йанне а йац. Хӏокхунна башхо йац шен да а, ваша а, доьзалхо а. И царна хуу дукха хан йу. Къа ца хеташ, тангӏалкхах хьала-м дера уллур ву. Амма ӏедалал а кхераме бу вуьш. Дика-м, шина а агӏорчарна гӏо а деш, чекхвалавелча дара. Кхаъ ца кхачахь а, цӏока-х ӏалашлур йарий. Йуххехь теш волуш мукъана, хӏунда хоьтту хӏокхо…
Воьхна хьийза ши хьаша кӏелхьарваьккхира, хьерадовла санна, арахь лета девллачу ӏосин жен-жӏаьлеша. Араваьлла хӏусамда сихха чувеара, Хортӏа а валош.
– Ванах, боккха болх бу-кх иза! Сох долаза дуьсуш дохку-кх и жӏаьлеш. Эцца хьо ара ца ваьллехь, верина, кескаш йина, охьавуьллура-кх цара со. Ой, хьо волчохь-м хьеший хилла! Ассалам ӏалайкум!
– Ва ӏалайкум салам!
Шахьби а, Товсолта а шаьш ӏачуьра халла хаалуш меттахъхьайра. Лепачу баьццарчу атлазан гӏовталций, хечиций шур-шур деш, чучча ши ког боьллина, охьахиира Хортӏа. Цо коьртара месала куй дӏабаьккхича чиркхан серлонехь къегира кӏесаркӏаг чохь а, лергаш тӏехула а цхьа масех чо бен ца буьсуш тилла, йоьзан тас санна, къегина боккха корта.
– Тӏаккха, Шахьби, Товсолта, шу могаш деца? Керташкахь сингаттам боцуш ӏа-кх?
– Алхьамдулиллахӏ, Дала дика кхобу. Хьо цӏа маца вирзи?
– Хӏинцца. Охьавижале, цхьана гӏуллакхна ӏосех дагавала-те со аьлла, веана.
– Тхох лачкъийна хӏума-м дац?
– Мичара! Мелхо а, шу цхьаьна карийна дикахо ду. Тӏаккха, ӏоса, керташкахь сингаттам боцуш ӏай? Йуьртахь хӏун ду керла?
– Хӏума дац. Дийцахьа, хӏун ду оцу Боргӏанехь хилларг?
– Боргӏанехь, дера, цхьана нахана чӏогӏа сингаттам ма баьлла. Оцу самара чохь чай дуй-те? Цхьа кад мер бара ас.