Оцу бехачу тӏамо ваьшна бина ницкъаш, бохамаш, ваьшка хьегийтина баланаш, халонаш ерриг а керстанех окхура вай… Уггар хьалха оьрсийн къам бехке дора… Вайн молланаша вайна хьоьхура, и тӏом бусалбанашний, керстанашний йуккъехь бу бохуш… Вайга гӏазоте кхойкхура… Вай ваьш а олура, гӏазотана гӏевттина… Амма иза харц дара… Цхьанне а ца лаьара, гӏазотехь а велла йалсамане ваха… Цул, шен тхов кӏел, шен йиша-ваша тӏе а хьийзаш, Делан цамгарх воьжна, ӏожалла тӏеэца лаьара хӏоранна а… Амма оьрсийн паччахьо вайна тӏе салтий лоьхкура… вай, вешан синош, доьзалш, даймохк ларбан гӏерташ, летара…
Аьрзус къамел деш, чӏенга кӏел буй а гӏортийна, леррина ладоьгӏуш ӏийна Къосам, иза цхьана йукъана садаӏа соцунгӏа хилча, вистхилира:
– Деллахьа, ма бакълоь хьо, Аьрзу. Ма нийса ду-кх ахь бохург. Гӏазот даккха воьду ша аьлла, керстанан махка а вахана, царах летта велла нохчо суна-м ца хаавелла. Гӏазот! Хьанна оьшура иза? Хьанна дагадогӏура иза? И керстанаш вайн махка ца гӏиртинехь, ца хинболу тӏом бара вай бинарг. Да-нана а, кхоъ ваша а, кхиъна вогӏуш кӏант а хилла сан. Хӏинца цхьа а вац царах. Тӏамехь байъина берриш а. Баклан-инарлин дошлоша йуьртах цӏе тесначу дийнахь цӏеношца йаьгна тхайн къена нана йицлац суна… Да хьалххе вийнера. Веа вешех со цхьаъ висинера… Орцахбевллачу наха, чуьра арайала а ца тигна, йоккха стаг йитина даьхки шаьш аьлча, мостагӏех сийсош йогучу йуьрта иккхира со. Хӏетта чукхерстинчу цӏаро йукъахьарчийна, цӏенкъахь ӏуьллура нана. Катоьхна схьаэцна иза мара а къевлина, со араиккхича, мохехь кхин а марсайелира цунах летта цӏе. И йайъа гӏерташ, воьхна хьийза со тӏекхаьчначу шина гӏалгӏазкхичо йукъавоьллира. «Къосам, нана йаларг, со а йитий, кӏелхьарвала хьажа!» – мохь оьхура ненан. Тапча тоьхна шиннах цхьаъ а вожийна, дӏахьаьжначу суна иза йаьгна йаьлла гира. Сан дог дагийначу минотах пайдаоьцуш, мостагӏчо тур тоьхна охьайахийтира сан хӏара бесни. Цо ластийначу туьрах сан корта ларбира ас каде дуьхьалтесначу тоьпо. Шозлагӏа а тоха дагахь цо тур айъича, цхьамма бешара схьатоьхна вожийра иза.
1. Баклан инарла - инарла Бакланов.