Тӏаккха, тӏевахана, ӏадийна, къаьрззинчохь севцца зудчун бӏаьргаш дӏахьулбеш цуьнан йуьхьа тӏе кортали а тесна, йоӏ мара а йоьллина, шен беллачарна декхар дӏадала вахара.
Дозанал дехьахь Воккхачу Эло Михаил Николаевича кхидӏа а йаздора шен веше Александре ӏӏ-чуьнга:
«…Кху сохьта и кхелхинарш Саганлугехула кӏегарбуьгуш бу. Вайн комиссаран бертахь, йовхо тӏекхаччалц аьлла, Карсан а, Ольтински а пашалыкашкахь цомгаш, гӏелбелла цхьа бӏе везткъа доьзал битна…
Кхелхинарш вайн дозанашкара йухаберзо эскарш хьовсорца цхьаьна, цара лакхахь йийцина талораш дарна, шайна луъург лелош хиларна, цаьргара герз дӏаэца сацамбира туркойн ӏедало.
…Мушехь, вайн дозанехь хиллачу гӏуллакхех лаьцна болчу хаамашца цхьаьна инарла-адъютантера Игнатьевгара сан гӏоьнчане хаамаш кхаьчна, оцу гӏуллакхаша Портин ӏаламат чӏогӏа са а гатдина, Мушана а, Эрзерумна а тӏе мехкан массо маьӏӏера, столицера а цхьаьна, эскарш а оьзна, кхелхинчарна тӏе шен зуламе ӏаткъам ца байта, Кундухов, кхайкхина Константинополе дӏа а вигна, цигахь цунна кхин декхарш лур ду. Нохчаша цигахь лелочу гӏуллакхаша дерригенах а догдаьккхинчу Портас, нохчий хьовха, уьш-м хьехочохь а дацара, муьлхха а кавказски ламанхой Турце тӏеэца дуьхьало йо бохуш. Цундела, цигахь хӏоьттинчу хьолан ойла а йина, ас сацамбина, тӏедогӏучу шарахь кхалхо билгалбина нохчий цкъачунна ца кхалхош совцо…
Кавказски Эскарийн Коьртакомандующи
Инарла-фельдцехмейстер – Михаил»
№ 1874, 28 декабрь, 1865 шо
Оццу хенахь Турцехь кхечахьа шайга хӏоьттинчу бохамах лаьцна тӏаьхьо Тарама шен йуьртахошка йаздора:
«…ӏа гергагӏортарна, Мушехь тхайх нийсса ах адамаш хӏаллакьхиларна, дерриг ца леш кӏелхьардовладаларга дог даьхна, Моско-паччахьан мехкан дозанашка дуьйладелира тхо. Цигахь туркойн эскарш дуьхьалдевлира тхуна, шина а агӏорчех дикка адамаш дайъира. Эххар а, тхуна дуьхьалваьллачу Эскар-пашас, меттигера бахархой тхох кхоьру аьлла, бахьана а хӏоттийна, Мушехь а, Гасан-Гӏалахь а герз дӏаийцира тхоьгара.