Кертех тийсинчуьра схьа а достуш, тӏемалойн дой тӏеийзадо божабераша. Безачийн дегнаш гӏовтто, цаьрга а хьуьйсуш, эсала белакъежа мехкарий. Йаххьаш йоьлуш йелахь а, хӏор а йоьӏан кийрахь шийла ша бу. Минот йалале дойшна тӏебевлла кӏентий маьждиган майдана хьолху. Шай-шайн цӏа дӏасабекъало зударий.
Дакашан керт йассало. Массарел хьалха ловзаргара дӏабевлла цуьнан вежарий – ӏожу, Саьмби, Ловда, Луду. Вахана цуьнан ший а денваша – Мидий, Мусий. Герз буйна лаца ницкъ берг массо а мостагӏчунна дуьхьалвахана.
Веккъа цхьа Дакаш, майра Дакаш ву-кх йуьртахь зударшца виснарг…
Дакаш, дегӏ ма-дду нислуш, хьалагӏотту тхов тӏехь.
– Хьо ву-кх, дада, дуьххьара тӏедеана сан ирсан де кхолийнарг, – боху цо гушвоцчу дега, дехьа регӏа а хьоьжуш. Иза цуьрриг шек вац эскарш далош вогӏург шен да хиларх. – И «совгӏат» а дохьуш вогӏу хир ву хьо хьайн дукхавезачу кӏентан ловзарга. Хӏан-хӏа, ӏоса, сан докъа тӏехулий бен лам чу гӏур вац хьо!
Тхов тӏера охьаиккхинчу Дакаша, божала воьдий, нуьйр туьллий, шен сира дин араозабо.
Тӏаккха, воьдий, нускал долчу чоьккху иза.
Нускалца цхьаьна цӏа чохь йу Дакашан йиъ нус. Цуьнан хьажарх кхетта уьш йиъ йист ца хуьлуш арайолу.
– Малика, таханлерчу дийнахь хьайн майра мичхьа хила лаьа хьуна? – хотту цо, шен нускалан куьг а лоций. – Хьоьца кирхьанна тӏехьа а хӏоттий, дехьа регӏахь мостагӏийн тарраша цоьстучу, дӏаьндаргаша эгочу йуьртахошка а хьоьжуш, цӏахь ӏе со йа царна йуккъехь сайн меттиг дӏалаца ас?
Маликин кийра хьийзаш сийна цӏе йу. Шен дог алу тӏехь доттуш, морцуш, хебаш хетало цунна. Амма цо садетта, цо майра къурдаш до логе хӏуьттучу шодана.
– Малика, хьо йист хӏунда ца хуьлу? Йезарг къастош, гӏалатваьлла хилла-те со? Йа наха, зудчунна тӏекхаччалц бен къонах ца хилла Дакаш, ала лаьа хьуна?
– Йуьртахошна тӏаьхьа гӏо, Дакаш, – хеза Дакашна Маликин эсала аз. – Цига ваханчу хӏораннан а цӏахь доьзалш, безарш бисина. Хьо хӏинццалц хилла Дакаш хила лаьа суна даим а. Дӏагӏо, Дакаш, баьлла бехк боцуш вай хьийзочу Делан мостагӏех бекхам эца!