Цул тӏаьхьа масех бутт баьлча цкъа Василийна гира Тӏелхагна уллохь ӏаьржа байракх буйнахь Косолаповх къаьстар воцуш цхьа нохчо. Василий цецвелира, йа иза жин ду, йа шена бӏарлагӏаш хӏуьтту аьлла. Велла Косолапов денлойла дацара. Ткъа иза велла хиларх Василий цуьрриг шек вацара. Вала муха ца ле, бӏаьрго ма-лоццу ирхкхоьссина, охьавоьжна стаг. Лахьо даьӏахк-м йисина хир йацара. Амма къаьрззина шега хӏара хьоьжуш кхетта важа, ши куьг даржийна, тӏехьаьдда, веана маракхийтира.
Иза Гавриил-Жабраил вара.
Цо Василийна йийцира шеца хилла истори. Хӏаъ, эккхаро стигала хьалакхийсинчу адамашна йуккъехь Василийна гинарг иза вара. Цо дӏа ца хийцира Тӏелхаган байракх, цуьнан эскаран сий. Охьавоьжча, вон лазийра иза. Шинхьахула аьтту пхьарс а бойра, коьртаний, букъаний контузи а хилира. Амма дийна висира. Синкхетамехь воцуш карийна, схьаэцна, иза оьрсаша Соьлжан гӏоперчу лазартне охьавиллира.
– Со нохчо ву моьттура царна, – дуьйцура Косолаповс. – Царна хаьара со Тӏелхаган уггар тешамечу гӏоьнчех цхьаъ вуйла. Буьйцучу маттах царна со нохчо вацар гучудаларна кхоьруш, со вист ца хуьлура. Ӏаш-ӏаш, дуккха а хан йаьлча, цкъа чувеанчу эпсаро, со оьрси хилар бакъ дуй хаьтти. Вист ца хуьлуш ӏара со, ца кхетачух. Цара со хьийзош, ас даре ца деш, дикка хан йелира. Лазутчикаша мотт ма беанера, со оьрси ву аьлла. Массарал хӏилла долуш хилира цхьа салти. Цо элира, нагахь сунтвина велахь – нохчо ву шуна иза, вацахь – оьрси ву. Хьаьвси. Дуьхьало йан ницкъ ма бацара соьгахь. Хилча а, цаьрца мила ларор вара. Доцца аьлча, гучувелира со. Ӏийна-а, уьш сайх теша а тешийтина, дӏадаханчу ӏай лазархойн халатца, куй коьртахь, тударгашца корах араиккхина, лам чу веара со.
Василийна цкъа а ца дицлора шена и тӏаьххьара гина денош…
1859-чу шеран июлехь Нохчмехкан тӏаьххьара йурт ницкъ эшна паччахьан эскаршна кӏел сецча, Дагестанехь ша хьалххе кечдинчу туьша, Гунибе, сихвелира Шемал.
Ведда воьдучу имамца нохчийн шиъ наиб бен вацара – Бенойн Бойсагӏар а, Мичкахойн ӏусман а. Имам дӏатаса ца лууш, цуьнца Дагестанан лаьмнашка бахара Василий йукъахь волу Аьрзун жима бӏо а.
Бевдда баьхкинчу салтех цхьа а ца висира Нохчийчохь.