Дагестанехь цунах «сийлахь-воккха эмир Шемал» олура, ткъа цуьнан кӏантах Гӏеза-Махьмех «сийлахь-воккхачу имаман кӏант» олура. Ткъа шарахь Нохчийчоь а, Дагестан а шен буйнахь латтийра цо. Дуьненан баккхийчу паччахьийн санна сий дара цуьнан. Шена а, тӏаьхьенна а тоъал хьал а ӏаӏийнера цо. Каратахь шовзткъе итт эзар соьмана деши, дети ду цуьнан, ткъа Дениел-бек волчохь цхьа миллион соьмана хазна йу. Нагахь хӏинца талоза йелахь…
Хӏокху гаурел тола Дала ницкъ лахьара! Оццул къахьегначул тӏаьхьа, ӏийжамаш лайначул тӏаьхьа, шарӏан ӏедал чӏагӏделлачу хенахь, сий лакхадаьллачу хенахь дерриг хаьрцина, тӏекӏелдала доллу-те? Ваха дукха шераш ма ца дисина цуьнан. Шен ӏедал масех шарна дахден долу гауршна тӏехь цхьа толам боьху цо Деле.
Тӏаккха цуьнан метта кӏант дӏахӏуттур вара. Кӏантана тӏаьхьа – цуьнан кӏант. Тӏаккха хӏара имамалла гуттаренна а цуьнан цӏийнан тӏаьхьенехь дуьсур дара…
Атта гӏуллакх дац паччахьалла, амма мерза ду. Зингаташка санна, адамашка лакхара охьахьоьжуш. Ша санна, Дала кхоьллина адамаш шена хьесталуш, суждане оьхуш, голаш тӏехь текхаш гуш. Паччахьан ницкъ бу цхьана дашца, деккъа цхьана хьажарца майраниг, оьзданиг, догцӏенаниг хӏаллакван, тахьтазаре кхосса, боьхалли йукъа керчо, ткъа кӏилло, йовсар лакхаваккха, шена гергаозо! Дукха хан йу Шемалан хӏара имамалла шен кӏантана дита ойла йолу. Цкъа иза дан а гӏоьртира. Иттех шо хьалха. Амма оцу курачу нохчийн наибаша йохийра цуьнан ӏалашо. Тӏаккха и гӏуллакх цхьана аьттоне дӏатеттира цо. Цунна хаддаза кечам а беш. Шемал къанвеллера, кӏадвеллера, Гӏеза-Махьма къона, майра, хьекъале ву. Коьртаниг Шемалал а тӏех иза нохчашна везаш а, лоруш а хилар дара. Хӏетте а, нохчий сацамболлуш дуьхьалбевлира имамалла цхьана доьзалехь дитарна.