САН БУЬЙСА
Тийналла луьйсуш,
Дӏатийна буьйса.
Лаьтта тӏелетта,
Серло йу беттан.
Стигланан бога
Седарчех до́гу.
Ас йекхна буьйса
Ӏа́ламца къуьйсу.
ХӀавао тийна,
ГӀа-бе́цах ийна,
Мерза чам кхоьхьуш,
Сан мере оьхьу.
Даг тӏера кхехкаш,
Мох санна чехка,
Уойланаш кхерсташ,
Жималле леста.
Лар тегна некъаш,
Че́нан кӀур текхош,
Когаш кӀел дуьйший,
Марзоне хуьйшу.
Серлоно туьйсу
Сийна суй кхуьйсуш,
Ге́нара седа
БӀаьргаш чу леда.
Сан бертахь ловза,
Дуй биъна тховса,
Буьйсано хьоьстуш,
Уойланаш йосту.