Айми чохь, гу болчохь керчар ца лагӏдеш,
Дикка готийси сан да́харан чкъурго.
Сан даго — жимачу цу дилхан цуьрго —
ӏаьршашка кхийдийна ойланаш лахйеш,
Уьншарахь хьакхар ца хьаькхначух те́рра
Цхьа ирча цӏийзар цо до́лийна хӏинца.
Хӏун дер ду, хетарехь, ширбелла-кх бера…
Ва амма йиш ма йац новкъахь чкъург хийца,
Аьтто бац тойа а, цӏан ца ло хаттах.
Тӏедеа-кх со хӏинццалц кхаьрдинарг на́хах:
Деза сан тетта а, те́кхо а да́хар…
ме́хамеха дуй-те́ и» — ас хьаьнга хатта?
ӏе́сачу шеконийн гулам а хилла,
И хаттар жоп до́цуш дисна-кха латта…
«Керччачул карча, чкъург, хир шена хирриг»,
Бо́ху ас — кху хьолехь и ду-кха атта.