Революци хилча, нохчийн, гӏалгӏайн халкъаш, цхьаъ санна, массо а стаг цуьнгахьа велира. Хӏунда аьлча, большевикаша царна дош делира, бӏешерашкахь цара сатийсина, шегахьа цара турпала къийсам латтийна, оцу къийсамехь бӏе эзарнаш кӏентий хӏаллакьхилла маршо, латта а царна дала. Советан ӏедалехьа тӏамехь итт эзарнаш кӏентий байъира, иттаннаш йарташ йагийра. Ткъа оццул хала тӏамца, цӏийца оха даьккхинчу ӏедало а кхочуш ца дира шен дош.
Латта а ца делира, маршо а ца йелира. Колхозаш йохкуш, нехан долара бежана, сту, гота, ворданаш а дӏайехира. Кулакаш бу бохуш, цхьа миска нах махках бехира. Тхан баккхий нах, ӏеламнах а хӏаллакбира. Тхан маьждигаш дохийра, Къорӏанаш, жайнаш дагийра. Тхан дин, къоман гӏиллакхаш сийсаздира.
– Иза-м массанхьа а хилира, ӏалха. Шу доцчарна а…
– Хаьа суна. Кхин долу халкъаш, дуьхьало ца йеш, ӏахарий санна, шайна арсаш хьоькхуьйтуш ӏийра. Оха цкъа а ца лайна харцо, хийра олалла. Оха тхайн ницкъ ма-кхоччу къийсина Ежовн, Бериян чалтачашца. Цундела ца дезара тхан халкъ паччахьан ӏедална а, хӏинца долчунна а. Хӏокху тӏамехь тхан кӏенташа жигара дакъалаьцна, турпала хьуьнарш гайтина. Тӏом болабеллачу хьалхарчу шерашкахь пхеа нохчочунна турпалхочун цӏераш техкина. Йерриг Ази, ах Европа дӏа а лаьцна, цигара халкъаш лолле дерзийна, шина бӏе шарахь сов ӏийначу татаро-монголийн ханашка а ца къарделла тхан халкъ. Лам чу йуха а девлла, хаддаза тӏемаш беш тхан дайша шина бӏешарахь самалхадала ца битина уьш. Тхан махка тӏехь хаддаза шовзткъа эзар тӏемало а, уггар говза полководцаш а латто дезна церан. Немцой тхан махка кхаьчнехь, тхо царна къарлур дара моьтту хьуна? Цара тхан зударий сийсазбеш, нах бойъуш нохчий таьӏна ӏийр бара моьтту хьуна? Оха тхешан латта къахьдийр дара царна! Тхо йамарт ца хилла дела, кӏилло ца хилла дела, тхуна маршо йезарна даьхна тхо махках. Йамарт болчарна, харцонаш лелочарна, къизачарна дуьхьал къийсарна, маршо, нийсо йезарна даьхна тхо махках!
Цӏа чохь цхьана йукъана тийналла хӏоьттира. Иштта, цхьа дагна бала ӏаьткъича бен кху тӏаьххьарчу шина баттахь цигаьрка ца узуш волчу ӏалхас, шена цигаьрка а хьарчийна, боккха баьккхина кӏур пехашна кӏорге чууьйзира.