ца хаьа, цхьа а тайпа баьлла бехк боцуш, тхо бехкедина хилар а. Халкъан мостагӏий ду аьлла, адамашна хьалха тхуна тӏе кхоьллина цӏе хӏинца а дӏайалаза йу. Партина, халкъана, даймахкана хьалха со цӏена хилар, суна санна, нахана а хаахьара, тахана а со валарх шеквер вацара со. И де цкъа тӏекхочург хиларх теша со, хӏунда аьлча сайна тӏехь хӏоттийначу харцонна ас бехке ца йо парти. Империализман гонна йуккъехь дохку вай. Партин могӏаршка, партин, советийн органашка балха нисбеллачу мостагӏийн болх бу иза. Амма партин а, халкъан а бекхамах кӏелхьарбевр бац уьш. Со хьоьга хӏун ала гӏерта аьлча, хьо ларлуш ца хилча, и сайх хилларг хьох а хиларна кхоьру со. Вайшиннан вовшех къайле йац, цундела дуьххьалдӏа боху ас хьоьга: нохчий Даймахкана йамарт хилла, уьш бандиташ бу бохуш, и эладита ша-шаха кхолладелла дац. Къайлах даржош ду. Иза хьуна хьайна а хаьа. Хӏетте а ву хьо даррехь нохчий реабилитировать бан гӏерташ. Хӏан-хӏа, Николай, дуьхьал ву со и Берсин гӏуллакх педсоветан заседане хӏотторна. Тӏех шуьйра публика йу иза. Суна а ма хаьа оцу халкъашна тӏехь йинарг ирча харцо йуйла. Амма вайша тховса, хьехархой а гулбина, цӏенна дӏадийцахь, вайша кхана сарахь цӏахь-м хир вац. Иза бакъдерг ду хьуна. Вайша хӏаллакьхилча, нохчий шайн махка боьрзург хилча-м, вайша, бӏаьрнегӏар ца тухуш, лийр ма вара. Вайша хӏаллакьхир ву, ткъа нохчашкара бала цуьрриг а байлур бац.
«Машас дуьйццург ду-кх хӏокхо дуьйцург а, – ойла йора Николай Кузьмича, – школерчу дешархошна йукъахь орам тосуш шовинизм йу, ткъа со, школан директор, коммунист, йуьстах а ваьлла ӏен веза. Хӏан-хӏа, иза хуьлийтийла дац…»
Николай Кузьмича, гӏанта охьа а хиъна, доккха садаьккхира.
– Хӏета, берашна йукъахь шовинизман ун а доржуьйтуш, цуьнга бендоцуш хьоьжуш ӏийр ву-кх вайша. Иштта бохий ахь соьга?
– Хӏан-хӏа, Николай, ас иштта ца элира хьоьга. Ас-м, ларлуш хила, бохура. Ахь, тховса хьехархой а гулбина, къаьмнийн доттагӏаллин хьокъехь долу гӏуллакх царна хьалха а хӏоттийна, оцу агӏор берашна йуккъехь кхетаман болхбар царна тӏедожорах вайн нисдала хӏумма а дац. Хьан приказ, йа педсоветан сацам кхочуш-бархьама, берашца къамелаш деш цхьана