Амма тӏех хӏума дика дац. Советски ӏедалан мостагӏий хиларна, Даймахкана йамарт хиларна, правительствон сацамца нохчашна таӏзар дина. Сталина буха куьг йаздина болу и сацам цхьаммо а дӏасатетта а, бийцаре бан а оьшуш дац. Кхийтин хьо? Уьш кхуза бусто а, кхетош-кхио а ца балийна. Кхийтин хьо? Нагахь меттигерчу бахархойн, йукъараллин долаллина тӏе куьг кховдадо-кх цара – тхоьга схьаала. Нагахь кхин хӏуъу цхьа ӏедална, меттигерчу бахархошна зуламе дерг до-кх цара – тхоьга схьаала. Оха таӏзар дийр ду. Ткъа уьш шаьшлахь вовшийн карах белча а, вайн гӏуллакх дац. Кхийтин хьо?
– Хӏан-хӏа, ца кхийти! Уьш а ду, тхо санна, адамаш. Зударий, бераш, къена нах…, – эххар а мохь белира зудчун.
– Делахь, хьо цӏа йахча, тховса ойла йер ахь. Хьо тахана мичахь хилла а ма дицде.
Кривошеев, кӏоршаме вела а къежна, зудчуьнга арайала йезар хоуьйтуш, хьалагӏеттира.
Комендантурин сени чохь лаьттара безамехь, цӏена йуьхь-сибат долуш йуккъерчу дегӏара шовзткъа шо хенара нохчо. Бесни тӏехь а, чӏениг тӏехь а уьрсо хадийна цӏийн хьоькхнаш йара. Схьахетарехь, ӏуьйранна аравалале маж-мекх даьшнера цо. Цкъа-шозза комендантан кабинетан неӏаре а вахана, ладуьйгӏира цо. Чуьра схьа дов хезара. Зудчун а, стеган а.
Церан къамел дахдала доьлча, уьйтӏа а ваьлла, пальтон киснара кисет схьайаьккхира цо. Томкин цигаьрка а хьарчийна, иза бага а лаьцна, цӏетуханца кӏожам лато вуьйлира иза. Чолакхчу аьрру пхьаьрсо новкъарло йеш, дикка къахьийгира цо кӏожамах цӏе ца леташ. Эххар а, цигаьрка а латийна, боккха баьккхина кӏур пехашна чу а оьзна, шуьйрачу мераӏуьргашкахула а, багахула а дӏахийцира. Коменданто ша хӏунда кхайкхина ца хууш, сагатлучу цуьнан са декъаделира.
Бешехьа а вирзина, керта тӏе а тевжина, цигаьрка уьйзуш лаьтта иза, цӏийнан неӏ йоьллу а хезна, тӏехьахьаьжира. Бӏаьргех йовлакх а хьоькхуш, оцу чуьра арайелира церан йуьртда Васильева. Иза шега хьажа кхиале, дӏавирзира нохчо. Схьахетарехь, зудчунна ша кхузахь гойла ца лаьара цунна.
Оьзна йалазчу цигаьрканах кхоам хетта, цхьана метта шозза-кхузза кӏур а баьккхина, кертал дехьа а