Амма цхьана дийнахь, ӏуьйранна хьала а гӏевттина, шаьш ураме бевлча, царна хеза и шира большевик халкъан мостагӏ хилла бохуш.
Оцу цхьана шарахь «ӏорабоху» эзарнаш «халкъан мостагӏий», «адмашдайъархой», «империализман разведкин агенташ». Лецна, следстви чекхйаьлла, тоьпаш тоьхна. Уьш цабевзарш теша и таӏзар нийса дина хиларх. Амма уьш хӏоре а герггара бевзаш, цаьрца бехха хала некъ биначу накъосташна хаьа шен-шен накъост бехке воцуш хӏаллакьхилар. Хӏаъа, шен-шен накъост, доттагӏ, гергарниг. Цабевзачарна тӏехь дина таӏзар нийса хиларх теша. Ткъа цуьнан бехкбоцу накъост, доттагӏ, гергарниг бехкевеш гӏалатло йалийтина пачхьалкхна кхерам цахилийтаран органаша. Хӏун дийр дара ткъа. Революцин дуьхьа шен дахар дӏадала реза ма вара иза даим а. Иза-м мичча хенахь а вала реза ма вара партин, революцин, халкъан, даймехкан дуьхьа. Иза хӏаллакьхилла. Хӏумма а дац, эзарнаш халкъан йамартхойх парти, даймохк цӏанбеш, иза хӏаллакьхиларх. Цундела, парти а, советски пачхьалкх а кхерамах кӏелхьарйаьлла.
Иштта ойланаш йора «халкъан мостагӏийн» накъосташа, доттагӏаша, гергарчара…
Изза хетара хӏетахь Николай Кузьмична а. Иза тешамза ваьллера адамех, ӏилманчех, партин, пачхьалкхан куьйгалхойх, тӏеман начальникех. «Хьанна хаьа, хӏара халкъан мостагӏ, империалистийн агент велахь а?» – даг чу оьхура, цхьаъ гича. Иза йуьхьанца дара. Амма и «шпионаш», «адмашдайъархой», «халкъан мостагӏий» дукха хила боларо, цуьнга а ойла йайтира. Амма хеттарш дар, оцу гӏуллакхан кӏорге гӏертар кхераме дара.
Бехке ца хилча, прессо даррехь бехке бийр ма бац уьш. Сталинна дика хуур ду. Иза гӏалат волийла ма дац,» – олий, ша-шена маслаӏат дора цо.