Хьуьнхахь де́хаш-ӏаш дара ме́кара цхьо́гал. Ге́найо́цуш ӏаш цуьнан доттагӏ зу а йара.
Зуьнна, шена чохь ӏа хӏусам йан дагадеара. Ше́н ницкъаца цӏа далур до́цийла хиъча, иза ше́н доттагӏчуьнга-цхьо́гале, — шена дагадеанарг дийца йахара.
Цхьо́гал ре́захилира цӏа деш гӏо ла́ца.
— Дика ду, ас гӏо дийр ду хьу́на, — цо аьлча, и шиъ зуьно цӏа дан билгалйаьккхинчу метте́ дахара.
Дукха денош дӏадахара ца́ра цӏа деш.
Тӏаккха зуьне э́лира цхьо́гало:
— Тхов тилла гӏирс лаха беза вай.
— Геригех бича, хӏун дара-те́? – шена хетарг э́лира зуьно.
Дукха лийлира и шиъ геригаш лоьхуш… Тӏаьххьара а, чано ше́н керт йан дагахь дӏайоьттинчу геригех бӏаьрг кхийтира цушиннан. Мохь тоьхна, ча а́ра а кхайкхина:
— Кӏеззиг геригаш йезара тху́на, цӏенна тхов тилла,— аьлла, зуьно шега дехар дича:
— Мегар ду, дӏахьо хьайна, — аьлла, жоп делира чано.
— Маше́н йуй хьан? – хаьттира зуьно.
— Йу, де́ра, кира дӏа́сакхоьхьуш йерг, хьо цунна ре́за йелахь.
Тӏаккха зуьно:
— Соьца цхьаьна сан доттагӏ цхьо́гал а ду кхузахь, — аьлча, чанах кхоьруш, дехьо-о лаьтташ долу цхьо́гал тӏе а кхойкхуш:
— Хьо ре́за дуй маше́н тӏе хаа? – хаьттира чано цхьо́гале.
Цхьо́гал ре́за хилира.
Геригаш а йохьуш, уьш зу йолчу хӏусаме баьхкира.
Чано гӏо а деш, керлачу хӏусамна тхов сихха тиллина бевлира уьш. Хӏусам, хӏинца чохь ӏен мегар долуш, кийча йара. Зу, туькана а йахана, керлачу цӏа чу дӏахӏотто кӀе́да йийбар а, шена ловзо тайнигаш а эцна, цӏа йеара.
Йийбар дӏахӏоттош гӏо а дина, ше́н доттагӏчунна-зуьнна маьнги тӏе кӀе́да мотта а биллина, цхьо́гал дӏадахара.
Кхано-о, буьйса йуккъе йаханчу хе́нахь, зуьнна наб чӏо́гӏа кхетта хила там бу аьлла, цхьо́гал, зу йаа дагахь, йухадеара.
Ког байбина, тебаш, маьнги тӏе даханчу цхьо́гална ша́ биллинчу меттахь йижна зу ца карийра. Цецдаьлла цхьо́гал чухула дасахьаьжира. Цхьахьа а гуш йаца́ра зу.
Цхьо́галан хӏилла дика девзаш йолу зу, шена цо биллина кӀе́да мотт ӏад а битина, сонехь лаьттачу ишкап тӏехьа дӏайижира.
Иштта хилла дира зуьно ше́н «доттагӏчунна» — ме́карчу цхьо́гална.