— Гой хьу́на! Ткъа тахана моссалгӏа май ду вайна? – карийра а́ла ма́шарен дош Масийна.
— Массалгӏа? – ца кхийтира Довта.
— Тахана вайна кхоъалгӏа май бен дац! – доггаха цӏогӏ э́лира Масас.
— Хӏун ду ца хилча? Хӏара до́гӏуш Марта а ду, лийча даьхкина вай кӏентий а ду! – бӏаьргаша суйнаш туьйхира Довтийн, тӏера коч дӏайаккха тоха а луш.
— Цхьа, ши кӏира дӏа а да́лийтина йуха даьхкича дика хетара су́на… Шуна му́ха хета? Ре́за дуй шу? – шена а эрна о́луш хеташехь, э́лира Ментас.
— Шуна хезний, вайн йуьрта йистера бешахь шпанка о́луш йолу хьалха цӏен луш йолу баьллаш хилла о́луш. Цига гӏой вай? Хӏара Марта-м цхьанхьа а гӏу́ра да́цара. Иэцца цхьана, шина дийнахь, вай баьллаш дӏаластайешшехь, хи а дохлура ду, — хӏиллане цхьа бӏаьрг хьабба а беш хьаьжира Маса.
— Боккъала а бо́хий ахьа? Вайн бешахь шпанка баьллаш цӏен йелла? Ма мерза хуьлу уьш диттан гаьнашна тӏехь йохкушехь йууш! – ша́ дӏайоккхуш йолу коч сацийра Довтас.
Масий, Ментий вовшега а хьаьжина, самукъадаьлла велаве́лира.
— Мегара ду, цига а гӏу́ра ду вай, цкъа-шозза Мартана чу а кхетта – ше́н коч дӏайаккха тохаве́лира Довта вуха а.
Ментий, Масий кхийтира шайн накъост шайга сацалур во́ций, хӏара дуьне тӏе-кӏела даьлча а. Маса керчаш йолчу тулгӏешна улло́ вахара, хина бердана йистехь шуьйра даьржинчу горгачу тӏулгашна йуккъехь тудаш йолчу ше́н ма́чашца когаш раз а луьйзуш. Хи хӏинца а даьржина дара, бе́раша цунна тидам а ца бора. Оцу билгалонах да́има а баккхийнарш а ларлуш, цуьнан тидам беш а хуьлура да́има а. Хӏунда аьлча, лакхахь лаьмнашкахь догӏа до́гӏуш, Марта даьржина до́гӏура. Амма и догӏа алсама до́гӏуш нийсалахь, Марта тешийтина дистина дан а тарлуш дара – бӏаьстенахь а, аьхкенан йуккъехь а. Амма Маса ше́н когара туьйдина ма́чаш схьайаьхна йистаха а кхийсина, берзинчу когашца хина йисте чуве́лира.
— Маса, ма валалахь оцу хина чу сол хьалха! — мохь бе́лира Довтина чуьра.
— Мегара ду, хьу́на лаахь со-м ва́лане а вера вац оцу боьха до́гӏучу хина, — ре́за хиларца вухаве́лира Маса.
Мента улло́ веъира Масина, цкъа хине а хьаьжина тӏаккха хаьттира цо:
— Маса хи чӏо́гӏа шийла-м дац, да́ций?