Гӏадвахана велаве́лира кхоь а кӏант, охьа а хиъна вовше́н тӏе пӏелгаш а хьежош, дукха ӏийра уьш боьлуш.
Бе́рийн белар йукъах даьккхира цӏаьххьана кхолайелачу стигало. Хӏокхара тидам ца бира, лакхахьа лаьмнашкахь, Бумата о́луш йолчу йуьртана тӏехула гулбелачу ӏаьржачу мархийн кӏуре. На́ха дукха хе́нахь дуьйна о́луш ду: стиглахь оцу меттигаах «Анзорин ӏуьрг». Оцу метте́хь гулйеллачу мархаша догӏа дохьу о́луш ду. Бе́раша кхин а цхьана хӏумана тидам бира: Марта тамашена хийцалуш дара, бос макхбеллера, тулгӏеш а кхерамен хьерчаш йара. Мохо кхин а алсама тӏету́хура кхерам оцу ӏа́ламан суртана. Бе́раш вовше́н а хьаьжина хьалалилхира. Лакха а́гӏора хьаьжича, бе́рийн бӏаьргаш чу кхерам боьссира. Дуьххьара метта веира Довта!
— Хи дистина до́гӏу! Довдалаш, вай хино охьахьура ду шуна! — мохь бе́лира цуьга.
Иза ша а цӏаьххьана хьалаиккхина, ге́на боццуш болчу, бердехьа дӏаведира ког ма болу. Масий, Ментий воьхна хьаьвзира, царшима тидам бира ге́нара охьахьаьдда до́гӏучу ӏаьржа а долуш, инзаре лекха тулгӏеш а хьерчош чухьадда дистина до́гӏучу Мартане. Ши кӏант Довтийна тӏаьхьа хьаьдира. Ге́на меттига-м йа́цара хӏокхеран вада везаш йолу меттиг, амма, хьалха Марта дистина деъча, цо кӏаргйина, даккхийра тӏулгаш бухаха а до́хуш, харайина йара. Ши кӏант воьхна сецира. Вуха хьаьжича шаьш хӏинцца тӏехь лаьттина меттиг лакхахьо хийтира царнна. Ткха чухахкайелла тӏейо́гӏуш йолу ӏалгӏож дукха инзаре йара, хӏокхарна нийса хьалха чухахкайелла йо́гӏуш а йара. Оцу хе́нахь когахь «кедаш» а йолуш, тӏулгашна тӏехула вада аьтто болу, Довта бердана тӏе кхоччуш воллура. Гуттара улло́хь йара дистина до́гӏучу хина, саьрмик санна хьерчаш йо́гӏу йуьхьиг. Оцу хе́нахь Довта берда тӏе кхе́чира, и сихонца хьала а ваьлла вуха хьаьжира. Инзаре сурт дара цунна дуьхьала хӏоьттиранг: лакхара чухахкаделла дистина до́гӏу хи, оцу хих озавелла вухагӏерташ во́лу хӏокхина ши накъост! Довта жима велахь а, сиха хӏумана тӏаьхьа кхуьуш вара.