Цхьана дийнахь шен гӏуллакхе йедда-йоьдучу зуна, шена кхузахь цкъа а ца гина, кӏудал- бӏов ги.
— ӏa-ле́-лай! Хӏара ма йокхкха кӏудал-бӏов йу-у-у! Хьажа йеза со, цу чохь цхьа a ӏaш ву- вац! — аьлла, кӏудал-бӏов йолчу йедда йахана зу.
— Хӏей, цхьа а вуй кӏудал-бӏов чохь ве́хаш-ӏaш! — мохь тоьхна зуьно. Сихха а́раикхкхира зингат. Цунна тӏаьхьхье гучубе́лира моьлкъа, тӏакхкха кхоссайелла а́райе́лира пхьид.
— Мохь стенна хьоькху ахьа! Со ду-кх, зингат, кху чохь laш, — э́лира зингато.
— Со бу-кх, моьлкъа, кху чохь ӏaш, — э́лира моьлкъано.
— Вакъ-вакъ, вакъакъи! Со йу-кх, пхьид, кху чохь ӏaш, чуйола, цхьаьна ӏийр ду вай! — э́лира пхьидо.
шен кӏохцалш тӏехь боллу ӏаж охьа а буьллуш, зу чусара. Пхьидой, лаьхьаной, зингаутой, карчийна, ӏаж кӏудал-бӏов чу бихьира. Хӏара диъ иштта бертахь де́хаш-ӏaш, дукха йа кӏезиг хан-зама йаьлла.
Цхьана дийнахь дитта тӏера бӏараш дохуш йоллучу тарсална, чухьаьжча, шена кхузахь цкъа а ца гина, кӏудал-бӏов ги.
— Ой! — цецйаьлла тарсал. — Хӏара ма тамашийна хӏума ду-у-у! И кӏудал-бӏов мича́ра йаьлла кхузахь? Хьажа йеза со, цу чохь ӏаш мила ву! — аьлла, сихха йедда дитта тӏера охьайоьссина тарсал.
— Хӏей, цхьа а вуй кӏудал-бӏов чохь ве́хаш-ӏаш! — мохь тоьхна тарсало. Сихха а́раикхкхира зингат. Цунна тӏаьхьхье гучубе́лира моьлкъа, тӏакхкха кхоссайелла а́райе́лира пхьид. Меллаша, д1аса а хьоьжуш, ларлуш, а́райе́лира зу.
— Мохь стенна хьоькху ахьа! Со ду-кх, зингат, кху чохь ӏаш, — э́лира зингато.
— Со бу-кх, моьлкъа, кху чохь ӏaш, — э́лира моьлкъано.
— Вакъ-вакъ-вакъакъи! Со йу-кх, пхьид, кху чохь ӏaш, — э́лира пхьидо.
— Со йу-кх, зу, кху чохь ӏaш, — э́лира зуьно. — Хьуна ӏен а меттиг йу-кх кху чохь, чуйола, цхьаьна ӏийр ду вай!
Шен карахь долу бӏараш охьа а дехкина, тарсал чуикхкхира. Зуьной, пхьидой, моьлкъаной, зингатой бӏараш дадийна чудихьира.
Бертахь бе́хаш-ӏaш бара уьш. Зу кӏудал-бӏов ларйеш, ха деш йара. Моьлкъа, чу нуй хьоькхуш, цӏаналла деш бара. Пхьид йаъхӏума кечйеш йара. Зингаттий, тарсаллий, а́радо́лий, сарралц чуйан