Азаллин кийрара Гаттийна,
Дуьйцина, дош дашах хоьттина
Кхолламо шегарчу йолана
Нохчашна мотт белла, до ладан.
Ше́ло́нан ткъевнечу къахкаре,
Йовхонан тевнечу кхехкаре,
Тӏехь боцчу бехкамех тийсина
Нохчийн мотт садаккха кхийсина.
Човхийна, дош а́кхадаьккхина,
Нохчичун долара баьккхина,
Бистхуьлуш лаьттахь ца хазийта,
Нохчийн мотт, га тоьдуш, лазийна.
Кхолламе кхоамза хьешийта,
Даймахке сатуьйсуш, хьегийта,
Дитт хьокхуш, ирйина, туьйсина,
Харцонаш йуьхьдуьхьал тийсина.
Пелоно гӏелбина латтабарх,
Халоно меженаш сеттайарх,
Дош доьхна, до́цург ца дийцина,
Доьналлин хьаьркаш ца хийцина.
Хьакъхилла бистхила, денбелла,
Марзонийн уьйрашка гулбелла,
Нохчийн мотт когаш тӏе хӏоьттина,
Даймехкан да́ хилла гӏаьттина.
Назманан шовкъе́чу байташкахь,
Мукъамийн зевнечу айдаршкахь,
Чкъор тилла, ца буьйлуш берзина,
Нохчийн мотт дайн кхерча бирзина.
Къонахийн ойланех боьттина,
Ма́шаран гӏароле хӏоьттина,
И бека нохчичун хье́къалехь,
Ца хила йиш йо́цуш де́къала.
С. Дакаев