Лаьттар йу хӏоккхахь...
Кхолламо готтачу
Дуьненан чухчаре хьийзош,
Йилбазийн пӏелгаша
Ирйина ка-маӏарш къийзош,
Дегӏаха дӏакъасто,
Йисина син-оьзиг ийзош,
Йаьхне́ра Нохчийчоь
Тӏехьдоцчу къиноша хьийзош.
Шалхонца кхийдачу
Шеконех синхьаам бо́цуш,
Лерг диллал тешамца
Ладо́гӏа цхьа кха́не йо́цуш,
Йахь йолчу дегӏах чекх
Луурийн са́гайтар до́цуш,
Йаьхне́ра Нохчийчоь
Тӏекховда къинхетам бо́цуш.
Бо́латан тӏум хилла,
Дахчинчу дегӏан са детташ,
Дилхала йийшина,
Хьегӏачу чевнийн даӏ ӏеткъаш,
Хьогӏан бӏаьрг боьгӏначийн
Сатийсам кагбина лаьтта,
Нох тассал - кхин до́цу,
Турпалчу Даймехкан латта.
Малхбале, малхбузе,
Букъ сеттош, суждане хӏуьтту,
Хьан сийдеш, дуьненан
Кийрара довха аз гӏуьтту,
Къийсамийн а́ганахь
Къонахий кхиийна латта,
Хьан дегӏан кхолламан
Дӏадевлларш ца хилла атта.
Стигланийн шораллехь
Кхозучу хьан тхевнах летта,
Ба́ланийн буйнара даьллачу
Сина ма-хетта,
Хьан ойла хьаьстина,
Лепар ду седарчийн бӏаьргаш,
Лам-корта айбина,
Хьо маьрша хьоьжур йу цаьрга.
Зевнечу иллеша
Кӏа́жаршца дуьйцина кочар,
Хьакъдина, за́мано
Нохчийчоь да́има хӏоккхехь,
Лаьттина, лаьттар йу
Доьналлехь дуьненал йоккха...