Цхьа хӏума ца къаьсташ хир дац суьрташ фотокехатна тӏедаьхча! — суьрташ дахар таханенна аса дӏакхоссарна кхеравелла суна тӏеӏаткъам бира ӏарбис.
— Хӏун хилла? Суьрташ фотокехатна тӏе ца доху вай тховса? — догдоьхна ша цакхетар гайтира Турпалханас а.
— Муха ца доху? Хӏинццалца вай йаьхначу пленкел ледара ма йац хӏара! — чиркхе уьйхьира пленка ӏарбис.
Кӏентийн аса догдохорна сайна резавацара со хӏинца.
— Доху! Дукха дика хира дац, цундела догдаьттӏера сан, — сапаргӏат-ваьккхира аса ши доттагӏ.
Кетӏахула дӏасайоьдучу машенийн чиркхах ларалуш корашка хӏума уллуш, кечам бан дуьйлира тхо. Кестта, доккхачу хедарна чуйоьттинчу кочачу пройавителна чукхийссан долийначу фотокехатана тӏехь гучуйийлан йуьйлира тхан классера, ишколера берийн а, тхан а йаххьаш. Мел къона самукъане, цхьа а дуьненан бала коьртехь боцуш хаза ирсен йаххьаш йара уьш. Фотокехатана тӏехь цхьа бозбончаллан ницкъаца гучудуьйлура суьрташ. Суна а, сан шина накъостана а хетара тхайх а бозбончаш. Тамашена хӏума дан а дара иза, тхан аьтто бара тхайн къоналле йисттехара хьажа. Хӏун ойланаш хьийзара сан накъостийн коьрташка? Хьанна хаьа. Амма хӏоьттинчу тийналлехь тхо массо а дара тхайн ойланийн карахь. Аса санна церан къоначу бӏаьргаша а лоьхуш хила тарлора шайна хьомен хеташ йолу йаххьаш. Ткъа аса-м Малижин сибат лоьхура. Кестта фотокехатан тӏехь гучуелира йелакъежина Малижин йуьхь а. Йоӏ тхо долучу кхаьчнача санна тарделла висира со. Шайн ойланаша кхаьллина ца хиллехь, сан накъосташна-м гура дара Малижин сурт гича, сан вохар. Гуш а болуш, тӏекхачан йиш йоцу седа санна йара суртатӏехь суна къежаш йолу йоӏ. Суртатӏехь, классехь ган йиш йара сан Малижа, амма сан йиш йацара цуьнга алан ӏумарас санна: «Хьажал, Малижа, и дӏо кибарчигийн цӏено чохь ши чоь вайшинна хир йолуш йу-кх!»
Даима а санна ӏарбис гӏолехьа девлла суьрташ шена дӏа а хьош, дӏасакъаьстира тхо буьйса тӏехъиккхинчу хенахь.