Эвлайукъкъехь цул тӏаьхьа а масийттаза хьехархочун кара вахана хиллера сан тешамен догцӏена лулахо. Вахӏидас шена дуьхьала дош ца олуш хӏоттош долу гӏиллакх чӏогӏа тайна хиллера воккхачу стагана а. Со-м ма вацара цхьа а урокаш ӏамайечохь а. Сан цамгар-м суьрташ дахар дацара, стигал бос лепа Малижин къона бӏаьргаш дара бехкен. Йоӏана хьалха ша дика гайта гӏерташ ӏумар-м шена хуург а, ца хуург а дийцан гӏертара урокехь. Ткъа соьга уллора Малижин хьажар сайна тӏехь тусаделча, сайна хуург а ца дийцалора хьехархочунна.
Тӏаьххьара кӏиранаш дара тхан ишколехь дешан дисинарш. Дешаран йистте мел гӏоьрти а, басех чухьаьдда вордана санна сиха хьийза йолайелира хенан чӏургаш. Массо а дешархо вара шайн оценкаш лакхайахан гӏерташ. Со цхьаъ вара хи чуйоьжна чӏешалг санна дахаран тулгӏенаша шайна ма тов дӏахьош.