— Со хӏун аьлла хуьлу цуьнга вист, иза ӏумарийца доттагӏалла лелош хилча, — бехказа валан гӏоьртира со.
— Хьайна дика хуур ду хьуна, Йоӏ-м къовсаш товш ду. Иза-м ахьа вист хира ву аьллачул тӏехьа хьоьжуш йу моьтту суна, — шена хетарг элира Губанис.
Ишколана геннахь а хезира долуш горгали бийкира, дешархой уроке кхойкхуш. Суна дегӏах чекх хьожуш санна со зуьйш соьга а хьаьжина Губани Малижина тӏехьакхиан сихйелира.
«Къовса-м къовсура йара и, ткъа къевсина йаьккхича стенга йахьан йеза и. Сайн нанна а, вежаршна а дан гӏо доцуш ӏаш волчу аса?» — жимчу беро санна ойла йора аса, ишколехьа зудберашна тӏаьхьа дӏа а волалуш.
Кхин цхьа урок чекхъйаьлча со сайн метте ишколан кетӏа вахара. Губанис аьллачунна тӏехьакхиан гӏерташ ойла а йеш, волавелла лелаш вара со, цӏаьххьана сайн цӏейоккхуш хезча. Ойланийн карара волуш аса корта айбича, ринжа доллучохь соьгахьа йирзина лаьтташ йара Малижа. Со йоӏана улло вахара.
— Ахьа соьга кхойкхурий? — хаьттира йоӏа.
— Асий? — ца кхийтира со.
Амма йоӏ эхь хетта хаайелла сихха тӏетуьйхира аса:
— Губаница къамел-м хиллера сан. Цо эларий хьоьга, аса кхойкху аьлла? — Губанин хӏилланах кхийтира со.
— Хӏаъ, — жоп делира йоӏа, цхьанхьа-м хьожуш, дӏайоьрзуш.
Маржа йаӏ, ма новкъа бара-кх суна йоӏа хӏинца хьаьжъйуккъе хӏоттийна шад. Иза-м ойла йеш даима а ша-шаха хӏуттуш хиллачух тера дара цуьнан. Амма оцу шадо и сол а цхьа бӏе шо йоккха хоьтийтура суна. Со-м цунна хьалха боккъал а бера санна вухий вуьсура. Хӏун алан дезара аса цуьнга, хӏун дийца, хӏун хатта? Со-м сайн дахарехь дуьххьара йоӏе вист хилан дезаш вара, бӏаьсте санна йезайеллачу йоӏе.
— Малиж... Малижа, баркал хьуна гӏо дарна! Оцу математиках цкъа а кхетарволуш вац со, — карийра суна алан дешнаш.
ӏумарас Малижига дуьйцуш хилларш дагадаьхкира суна. Амма соьга дийцалура долуш хабарш дацара уьш. Йоӏ-м кхетачух тера дара со хӏинца а бераллера валанза вуй. Цо гӏо дира суна:
— Хьо массарех хервелла, хьо лелаш ма ву. Ма тамашена стаг ву хьо… кхечарех тера а воцуш, — элира цо.
— Акха ву алан гӏертий хьо? — бегаш бира аса.
— Акха-м хирг хира вацара хьо. Хьо саннарг къайлаха байташ йазйеш хуьлур-кх. Вуй хьо байташ йазйеш? — йелакъежаш хьаьжъйуккъера шад баьстира Малижас.