– Паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, муьжгий а цхьаъ бац! Муьжгий цхьа а дин доцуш, Делах ца тешаш адамаш ду, хӏара Дошагӏар, Хьомсуркъагӏар санна, къуй, талорхой! Уьш доттагӏий а, накъостий а лаца мегар дац.
Нахана йуккъехь белар иккхира.
– Делахь, Хьуьса, со ӏеламстаг а вац, суна ӏаьрбийн мотт а ца хаьа, – элира Овхьада. – Со Бакохь волуш, цхьана воккхачу ӏеламстеган кертахь петарехь ӏийна со. Тӏаьхьа, Сибрехь волуш а, гӏезалойн къомах волчу цхьана ӏеламстагаца а масех шо хан цхьаьна йаьккхира ас. Цара дуьйцуш а, сан хеттаршна жоьпаш луш а, бусалба динах дуккха а хиъна суна. Пайхамара Маккарчу керстанашна дуьхьал ша тӏом бечу хенахь, цаьрца мостагӏалла долчу, цхьана а динехь боцчу ӏаьрбийн тайпанашца барт а бой, цаьрца цхьаьна Маккарчу керстанашца тӏом беш хилла. Пайхамара бусалбанашна, бусалба динна аьттонна цхьана ханна динарг, вешан маршонан дуьхьа вай дан хӏунда ца мега? И цхьаъ ду. Шолгӏа, сан вашас ӏабдис, керстачу оьрсийн махка а воьдуш, керстачу оьрсийн совдегаршца гергарло а лелош, цаьргара товар а оьцуш, кхуза схьа а дохьий, шуна духку. Йуьртден Саьӏадан вежарий бу оьрсийн пурстоп а, округан начальник а. Оьрсашна полицехь хьалха гӏуллакх дина Инарлас а, Чӏонакъас а. Хӏинца изза деш бу цушиннан кӏентий а. Шу хьолахошна а, динадайшна а хӏунда мега керста оьрсий доттагӏий а, накъостий а леца а, цаьрца гергарло лело а, царна гӏуллакх дан а, ткъа къен-мискачу нохчашна хӏунда ца мега?
– Э, Овхьад, шена уьстагӏа белча, моллас жен-жӏаьла кешнашка дӏадолла магийна бохуш, ца хезна хьуна?
– Делахь, Хьуьса, и керста оьрсий вайн мостагӏий бу бохуш, ахь питане хьехамаш бича, хьан ӏедало могуьйтур дуй-те хьуна?
Цхьана йукъана воьхна хьаьвзира Хьуьса.
– Ас буьйцурш, тӏамца кхуза а баьхкина, нохчий бойуш, йарташ йагош лелла муьжгий бу…
– Паччахьо а, хьоладайша а герз кара а лой, нуьцкъах нохчашна тӏелоьхкура-кх уьш а. И салтий а, вай а тӏамехь хӏаллакьхуьлура, ткъа цара а, вай а ӏенийна цӏий, деши а хуьлий, паччахьийн, хьоладайн кисанашка ӏенара.