паччахьан эскаршна дуьхьал тӏом бечу хенахь и гуьржий а, хӏирий а, оьрсий а хилла герзаца ӏедална дуьхьало йеш. Ткъа вайна, цаьрца цхьабарт а бина, церан а, вешан а йукъарчу мостагӏчунна – паччахьна а, хьоладайшна а – дуьхьал гӏовтта ца лаьара йа иза дан хьекъал а, кхетам а ца тоьура. Иза дан, керста къаьмнийн къехошца цхьаьнакхета ца лаахь а, уьш вешан мостагӏий кхайкхо ма ца безара вай, дӏакъехко, дӏакъесто ма ца безара. Цундела хуьлура вайн цхьаболу эшамаш.
– Бакъду иза, ӏела. Иза керста хилчахьана, муьлххачу а къомах стаг вешан мостагӏ хетара вайна. Хӏинца а хета.
– Хӏинца мукъана а, хьалха ваьш бинчу некъе йуха а хьаьвсина, ваьш, галдевлла, бердах, цӏерга мичахь, муха, хӏунда лилхина а хьаьвсина, тӏейогӏучу хенахь оцу гӏалатех лардала деза вай. Оьрсийн мехкан а, оьрсийн паччахьан ницкъан а боккхалла, оьрсийн къоман дукхалла со Сибрех вахча хиъна суна. Нохчийн мохк церан уггар жимачу губернел а бац. Россехь масех бӏе шахьар йу, йарташ хьехор а йац ас, церан цхьана шахьарахь болу оьрсий а бу берриг нохчел алсам. Гена гӏиртина хӏун до, хӏокху вайн махкахь а бу уьш-м нохчел алсам. Нохчийн къам жима ду, цуьнан мохк а, ницкъ а кӏезиг бу, тӏамца иза ша цхьаъ ларор дац Россица, паччахьан ӏедалца. Цундела, Ахьмад, ас ца боху нахе герз карахь паччахьан ӏедална дуьхьал гӏовтта. Иза олучарна а дуьхьал хир ву со. Оцу Овхьада ма-аллара, вай санна, паччахьан ӏедалан лоллехь дохкучу Россерчу, вайл даккхийчу бусалба а, керста а къаьмнаша хӏун до а хьовсуш, царалахь хьалхенаш а ца йохуш, тӏехьа а ца соьцуш, йуккъера меттиг дӏа а лаьцна, цара дийрриг дан деза вай а. Хӏинццалц санна, вешан ницкъ а, мостагӏчун ницкъ а ца хууш, герз карахь дуьхьалонаш йахь, вайн къам эрна хӏаллакьхир ду. Дала тоьхна цхьа де хир ду вайн аьттонна.
– Оцу айхьа дийцинчух нохчий кхето, церан ойла цу агӏор дӏахьовзо ницкъ кхочур буй-те хьан, ӏела?
– Дера, бац. Вайн къам ӏилманна, кхетамна тӏаьхьадисина. Хӏора стеган, хӏора къоман кхетам ӏилманца бу. Дала а боху бусалбанашка ӏилма ӏамаде. Пайхамара а аьлла, шаьш аганара гӏевттичахьана дуьйна, кошан лахьте дерззалц ӏилма ӏамаде. Нохчашна ца лаьа ӏилма ӏамо. Нохчийн дерриг хьекъал бӏаьргаш чохь ду.