шен воьхна хьийзар а. Айза маре йахарна хӏетахь резахиларна хӏинца ша бехке хетара кӏантана.
– Делахьа, ӏусман, шу оццул доьхна хьийза, ма доккха хӏума дац вайна тӏедеанарг, – элира ӏелас, кӏанте леррина ла а доьгӏна. – Цунах шайна бала хӏунда бо аш?
– Ахь и шиъ ден деза бохуш, хабарш дуьйцу наха…
Ӏела гӏадвахана велавелира, тахана дуьххьара.
– Хӏунда? Мича бахьанина? Со дийна вуйла а хууш, нах безна, хьуна а, суна а эхь дина, и хьан нана маре йаханехь-м, нохчийн ӏадатехь мостагӏалла хьедан, цхьа бекхам эца безара ас. Вуьшта аьлча, иза тӏедужура суна. Хӏусамда веллачул тӏаьхьа ларйан йеза бусалба дино тоьхна хан чекхъйаьлча, маре йаха бакъо йу зудчун. Ткъа хьан нана, массара а со велларг а лерина, вицвинчул тӏаьхьа а ткъа шарахь ӏийна маре ца йоьдуш. Ахь дийцарехь, ша йаллалц ӏийна а хир йара, къанвеллачу, цамгаро кӏелвитинчу шен къеначу ден дехар йухатоха бакъо а хиллехь, кӏелхӏотта тхов а боцуш, йерзинчу стигала кӏел висинчу хьан ойла а ца йинехь. Ткъа Ахьмада а йигна, иза шега йеача. Бусалба динехь, нохчийн ӏадатехь цаьршиннан хӏун бехк бу? Делан кхел йу лелларг. Майра велча, кегий бераш дӏа а тийсина, маре бахана зударий дукха гина суна. Хьайниг дуьххьара а, тӏаьххьара а ца йахана. Бакъду, «веллачул» тӏаьхьа «денвелла», со цӏа варо жимма чолхедаьккхина хӏара гӏуллакх. Делахь а, вай доьхна хьийза оьшуш хӏумма а дац. Вайгахь доьналла хилчахьана, дерриг а дика дӏанислур ду.
Кӏантаца хиллачу къамелана тӏера йаьлла ӏелин ойла, хьаьвззина, ткъе пхи шо йуханехьа Сибарен каторге йахара. Шеца лаьцна валийна масех нохчо – хьалхарчу кхаа шарахь, тӏаьххьара висина цхьаъ шийтта шо даьлча а велла, цхьа висча, лагерехь волчу цхьана узбекаца уьйр тесира ӏелас. Бусалба хиларал совнаха, кӏорггера бусалба динан ӏилма хууш стаг хиларо цуьнга безам бахийтира ӏелин. Хӏора буьйсанна а, мукъачу деношкахь а ӏелина бусалба динан ӏилма хьоьхура Сулеймана. Масех шо далале гӏеххьачул узбекийн, ӏаьрбийн меттанаш а ӏемира ӏелина. Шариӏат ӏамош, маре дар а, зуда а, майра а дӏасакъастар а йукъадаьлча, оцу тӏехь дуккха а хеттарш дан вуьйлира ӏела. Маренаш тӏехь Шемала шариӏат талхош меттигаш лелийна бохуш а, хезнера цунна.