Ӏедал шайн каракхаьчча, цара харцонаш, йамартлонаш, хьарамлонаш лелош, ницкъ бо бахархошна. Ӏедална хьалха бехк-гуьнахь а доцчу нахана таӏзарш до, цаьрца шайн хьагӏ-гамонаш нисйеш. Йуьртдай шаьш а хуьлу къуйн а, талорхойн а гӏеранийн декъашхой. Цаьрга болчу цабезамна, уьш йуьртдай хӏиттош долу оьрсийн ӏедал а ца деза нахана.
Нохчийн долара латта мел кӏезиг ду хаа, сурт хӏотто хала хир ду шуна. Хьан латта мел ду аьлла, шега хаьттича, вертан кӏел хоъал ду, олу нохчочо. Латта механа деза ду церан. Цхьа йетт тӏехӏоттал долчу лаьттан оцу аьттан мах бу. Оцу хьолан ойла йича, уьш, мацалла ца леш, хене муха бовлу-те олий, цецволу.
Ламанан Нохчийчоьнан 90% бахархой данне а латта доцуш бу, 77% аренгара бахархой латта кӏезиг долуш бу. Нохчийн дуккха къехоша, беза мах а луш, ханна лело латта оьцу гӏалагӏазкхийн а, шайн а хьолахошкара. Иштта латта оьцуш, хӏора шарахь царна 400 эзар сом ахча ло нохчаша.