Мацалла ца дала, сагӏа ца деха гӏерташ, цхьацца лол бетташ, хене дуьйлу. Берашка дешийта аьтто а бац. Воккхахволчу кӏентан итт шо ду. Ишколехь доьшург мах боккху. Ткъа алапа тхуна дуучунна, тӏедухучунна а халла тоьу. Чудуьйла, Митя, дедушка самаваьлла. Хьуна гӏовгӏа ца йайта, ловза бахийтинера ас хӏорш. Хӏара воккхачул жиманиг ву тхан. Ма кхера, схьачувола. Урамехь дуьйцуш хеза берашна, нохчий къиза адамаш ду, цара шаьлтанаш хьоькхуш, адамаш дойу бохуш. Цундела, нохчо гича, кхерало хӏорш.
Тӏейуьйхина тиша, амма цӏена, йеха боьза коч а, йоца хеча а йолуш, коьртаӏуьйра, хьаьрса жима кӏант, чоьхьа а ваьлла, корта охьа а таӏийна, кӏелдӏахула Янаркъе а хьоьжуш, неӏарехь сецира. Цунна тӏаьххье неӏарехула гучубелира жимачу йоьӏан хьаьрса корта а.
– Чуйола хьо а, Марина. Дедушкас-м хӏумма а дийр даций. Дядя Хьамзат санна, дика стаг ма ву хӏара а. Иштта дика адамаш ду берриг нохчий а. Шун папа а, дядя Хьамзат а санна. Дуьло, маршалла хатта дедушке.
Тӏе а деана, дӏахӏоьттинчу шина берана ша хӏун там бийр бу ца хууш, цаьршиннан коьртах куьг а хьаькхна, хӏусамнене шен гӏовтал схьайийхира Янаркъас. Йоккхачу стага базарна аьлла, машин йоккха йома а латош динчу гӏовталан чухуларчу кисана куьг ӏоьттира цо. Вертанаш доьхкина ахча долуш дара. Лерина шад беш, бехчалга йукъа хьарчийна цӏера деъна цхьа сом кегийра ахча схьа а даьстина, берашка дӏакховдийра цо.
– Дедушка, хӏун до ахь? – мохь белира иза дан гӏертачух кхеттачу ненан.
– Кампет, кампет…
– Ца оьшу! Мегар дац! – Янаркъин куьг йухатоьттура Софияс, амма дехарца шега хьаьжначу воккхачу стеган догцӏенчу сийначу бӏаьргаша сацийра иза.
– Вай Дела! Оццул ахча берашна! Муха мегар ду хӏара? Иттех кепек йелча а тарлур дара. Дийнна сом! Хьанна хаьа, иштта гӏиллакх хир ду-кх шун. Тӏаккха иза дохадойла а йац. Ой, со а йу хаза! Лазархочунна чай дала а дицделла, бага йетташ ӏа!
Дукха хан йалале цӏа веара хӏусамда Федор Тимофеевич. Дезочу дегӏара, горга йуьхь, дуькъа ӏаьржа мекхаш, сийна бӏаьргаш долуш, метта буьххьехь лер долуш волчу цуьнга бӏаьрг ма-кхийтти, безам бахара Янаркъин. Цуьнца вара къона нохчо а, цхьа оьрси а.