Ша Гати-Юьртара а вацара Жаьнтамар. Тӏом болчу хенахь Теркйистера шайн йурт йагийнчохь гӏалгӏазкхийн станица йиллича, доьзалца Нохчмахка а веана, Гати-Юьртахь сецира иза. Жаьнтамар санна, аренгара бевдда хьалабаьхкина доьзалш ӏаламат дукха бара Нохчмахкахь. Вуьшта а лаьттана йоккхачу къеллехь бохкучу кхузарчу бахархошна йолчу тӏе а гатте йинера цара. Тӏамо, бохамаша шайн лаьтта тӏера бухбаьхна схьабаьхкина и нах латта доцуш буьтийла а дацара. Нохчий, бусалбанаш ма бара уьш, де доьхна лелаш. Тӏом чекхбаьлча, хӏорш шайн йарташка дӏабоьрзур бу-кх аьлла, шайн ирзойх коржамаш хедош, царна кӏез-кӏезиг латта делира наха, цхьана ханна лело. Тӏом болчу хенахь церан дог а оьцура бухарчу наха. Тӏом чекхбаьлча, хӏокхеран махка тӏехь гӏалагӏазкхийн станицаш йехкира. Баха меттиг йоцу и тӏебаьхкина нах Нохчмахкахь бисира. Кхузахь церан цӏе «тӏебаьхкина» нах йара. Йуьртан мехкан дакъа а ца кхачадора царна, йуьртан гуламехь куьйган бакъо а йацара церан. Оцу дерригенан а ойла йича, ӏелас бехк а ца буьллура царна кхелхина кхузара дӏабахарх. Уьш муха бехар бара кхузахь? Берриг а мохк наха дӏалаьцнера. Хӏора шарахь хӏара бухара нах а вовшех летара, шунаш а, дозанаш а къуьйсуш. Хьалха-м, доьзалехь кӏант кхиъча, цо зуда йалийча йа йуьртана тӏевеанчу стагана, цунна ирзо даккха хьун къастайора. Хӏинца иза дойла а дацара. Йерриг а хьаннаш пачхьалкхо шен долайаьхнера…
Шен ойланех йукъах а ваьлла, воккхачу стаге хьаьжира ӏела. Ша хиъна ӏачуьра дӏа а кхийдаш, хьаьжкӏашна куьйга асарш дохуш воллура иза.
– Жаьнтамаран шина кӏантах муьлханиг ву хьо?
– Воккхахверг. Мусха.
– Мусха… Хӏетахь хьан доьзал бара, моьтту суна?
– Кхо кӏант а, ши йоӏ а дара. Уггар доккхачун итт шо а долуш.
– Уьш мичахь бу хӏинца?
Вист ца хуьлуш, вехха ӏийра Мусха.
– Дийца воьлча, дукха деха ду иза, ӏела, – элира цо эххар а. – Дуьйцуш, дерриг а карладуьйлу, ца дуьйцуш ӏийча, цӏеран уьйриг а хуьлий, кийрахь хьийза. Тӏе дийца а, далхо а, сох къахета а, дог лаза а стаг а вац сан. Амма хьоьга дийцаза ӏалур вац. Ахь баланаш дукха ӏийшина. Со санна, ала мегар долуш, халонаш, баланаш лайна, цхьа висина стаг ву хьо. Цхьа бохам шена тӏебеача, стага ойла йо,