буьйса йаккха сецира со. Ӏуьйрре цхьакӏеззиг хӏума кхалларх, кийра кхин рицкъа дахаза волу кӏант а вара меца. Бер бер а хуьлий ма дуьсу диканехь а, вонехь а. Тхойшингахь цкъа кхалла а рицкъа дацара. Тхаьшшинна кхачанна ден экха йа олхазар карор дацара-те аьлла, дохнна гонаха хьийзаш берзалой хилахь, уьш а къахко дагахь, сайна тӏера кетар кӏантана а хьарчийна, тоьпаца эрзала велира со. Дуккха а волавелла леллачул тӏаьхьа, экха карорах дог а диллина, йухавирзинчу суна, эрзана йуккъехула сайна дуьхьал цхьа экха гӏерташ санна, хийтира. Борз йа нал хила там бу иза аьлла, эрзаш меттахьхьуьйчу хьажийна, топ йожийра ас. Топ йаьлча, цхьа экханан боцу мохь а, тӏаьххье узарш а хезира суна. Уьш дӏатийча, цецваьлла, эрзаш йукъаваханчу суна, шалха а вахана, мелчу цӏийлахь ӏуьллуш сайн кӏентан кӏант карийра…
– Остогӏфируллах! Дала собар а, собарца хьуьнар а лойла хьуна, Мусха! – мохь белира ӏелин. – Дала кхоьллинчу адамана лан ма боккха бохам бу-кх хьоьга беанарг!
Ткъа Мусхин йакъайеллачу йуьхьа тӏера, дуткъачу цӏоцкъамашна кӏелхьара гӏайгӏане ши бӏаьрг, чохь са доцуш санна, дехьа басе а богӏабелла, сецира. Хьанна хаьа, хӏокху акхачу хьуьнхахь, холбатахь санна, ша хан токхуш волуш, цкъацкъа собар а кхачадой, Дела воцчунна ца хезаш, воьлхуш хила а тарлора иза. Амма ӏелина хьалха бӏаьрхиш ца довлуьйтура цо. Кийрара арагӏерта къаьхьа бала, къурдаш деш, йуханехьа чутеӏабора Мусхас.
– Цигахь ша висча кхеравелла хиллера а, хаацара, йа суна сагатделлера а, хаацара, мухха делахь а, со йухаван хьевелча, суна тӏаьхьагӏоьртина хиллера и миска. И буьйса набарза кӏантана уллохь а йаьккхина, шолгӏачу ӏуьйранна, кӏентан дакъа говра тӏехь сайна хьалха а лаьцна, даьхни а лаьхкина, герггарчу йуьрта вахара со. Кӏант цигахь дӏавоьллира ас. Оцу йуьртахь сайн даьхни сагӏина дӏа а декъна, цхьалха дегӏаца кхуза хьалавеана, хӏара тоьла а йаьккхина, охьахиъна со. Гой хьуна, ӏела, оццул дуьненна тӏаьхьаваьлла къахьегча, суна бисина бахам хӏара бу-кх. Хӏетахь, даьхни хьалха а лаьхкина, Терка тӏе вогӏуш, суна моьттура, кхидӏа айса дуьненахь йаккха йисинчу хенахь, нехан санна йаа сискал а йолуш, сайн шина кӏантах а, церан