эсдекаша. Уьш берриш а цхьаъ бу. Къуй а, бандиташ а.
Некъахочо, кисанара схьаэцна тӏаьрсиган бохча схьа а диллина, цу чуьра даьккхина паспорт а, цхьа кехат а дӏакховдийра.
Подпоручик вехха ӏийра кехате хьоьжуш, балдаш хьедеш.
– Мелхо а, дика ду, ас хьо нуьцкъах дӏавига ца деза, – паспорт а, кехат а йухадерзийра цо. – Цуьнан оьздаллина хаьий хьо вогӏийла?
– Хаа декхар-м ду. Иштта веза хьаша вогӏуш, ӏедало хьалххе хаам бо бухарчу хӏусамдега.
Шаьшшиъ дӏаволавелча, некъахочо ойла йора хӏетта шен бӏаьргашна гинчу суьртан. Кхузахь а, Сибрехь а – массанхьа а массо къомах болу салтий а, эпсарш а, полицейский а, жандармаш а цхьаъ бу-те? Тӏулган дегнаш долуш? Йа хӏора дийнахь шайна гучу оцу харцонех а, къизаллех а боьлла-те уьш? Ишттачу тешаро уьш шаьш а баьхна-те оцу харцонан, къизаллин новкъа?
Хӏун хуьлуш ду-те оцу адамех а, кху дуьненах а?
Хехь волу эпсар, некъахочун бакъонан кехаташка а хьаьжна, уьш карахь начальникан кабинета чу вахара. Масех минот йаьлча, сени чу а ваьлла, вист ца хуьлуш, хӏокхуьнга неӏарехьа корта тесира цо.
Некъахо, меллаша чоьхьа а ваьлла, тӏе сийна исхар тесначу йехачу, шуьйрачу стоьла тӏе йуьхьарвахана, хьалха ӏуьллучу папки йукъара кехаташ хоьрцуш ӏачу подполковнике маршалла луш вистхилла, неӏарехь сецира. Хӏетта сирйала йоьлла, кӏужалш хьийзина йуькъа хьаьрса месаш, йуьхьигаш кӏеззиг хьалахьовзийна мекхаш, цӏена йаьшна йуьхь, стомма шалго чӏенг, дуткъа балдаш, оцу дерригенца ца богӏуш, шуьйра мераӏуьргаш йолуш, буткъа мара а.
Цхьана кога тӏера вукхунна тӏе а вазвелла, чухула бӏаьрг туьйхира некъахочо. Ӏедалан муьлххачу а администраторан кабинета чохь хуьлуш долу императоран доккха сурт дара подполковникан букъа тӏехьа пенаца кхозуш. Цхьа пен дӏалаьцнера империн доккхачу картано. Цунна уллохь пенах йоьллина йоьзан тӏемаш долуш ши неӏ йолу сейф а.
Эххар а, кехаташ тӏера ши бӏаьрг дӏа а ца боккхуш, охьахаа аьлла, неӏарехьа лаьттачу гӏантехьа корта тесира подполковника. Тӏаккха, цхьа хан йаьлча, буьрса хӏокхуьнга схьахьаьжира иза:
– Фамили?
– Гатиев.
– Цӏе?
– Мансур.
– Ден цӏе?
– Гатиевич.
– Вина меттиг?
– Ведана округ. Манди-кӏотар.
– И цӏе йолуш йурт а, кӏотар а