– Итт минот йалале уьш цигара ахь дӏа ца бахахь, ас ирхъуллуьйтур ву хьо!
– Уьш кхузара дӏабохур бу ас, амма сайн дуьхьа а доцуш, церан шайн дуьхьа. Цаьрга цӏий ца ӏанадайта.
Ӏела аравелира. Нахана тӏе тоьпаш а йерзийна, шаьш хӏун дан деза ца хууш, боьхна лаьттара учара салтий.
– Тоьпаш охьайахийта, шайна шаьш дайъийта ца лаахь, – элира цаьрга ӏелас. – Вай-м цхьа адамаш дай.
Ӏела учахь гучуваьлча, гӏовгӏанаш совцийна, ладуьйгӏира наха.
– Вежарий! Шу хӏунда гулделла кхуза?
– Тхуна тешнабехк бина оцу жӏаьлеша!
– Шу леца баьхкина уьш!
– Оха вуьгуьйтур вац хьо!
– Арадовла цу чуьра, заддаш!
Ӏелас ӏаса хьалалецира. Карзахбевлла нах дӏатийра.
– Хӏокху йуьртара тхо масех стаг новкъа ву ӏедална. Цуьнан цхьа а тайпа шеко йац. Амма шаьш къайлах дагалаьцнарг тахана тешнабехкаца чекхдаьккхи цара. Иза тахана нислур дац вайга. Собар ду коьртаниг. Бакъдерг толаза дуьсур дац. Овхьад цӏа веача, вовшех дага а девлла, цхьа нийса некъ къастор бу вай. Аш лелочо йуьртана бохам бийр бу. Дуьло, шайн-шайн цӏа гӏо.
Коьрта тӏехула йоккха, тиша шаьлта а лестош, массарел а карзахваьлла хьийзара къена Янаркъа.
– ӏела, тхо ӏехо гӏерта хьо? – мохь хьоькхура цо. – Хьо а, Овхьад а, оха йуьртан ӏедале хаьржина пхи стаг а лаца ма баьхкина уьш! Хӏей, Саьӏад, оха дӏахоуьйту хьоьга, царах цхьа стаг лаьцна вигахь, хӏокху йуьртара итт цӏа догург хилар!
– Янаркъа! – бӏогӏамах ӏаса а тухуш, аз айдира ӏелас. – Тхо ворхӏ стаг лацарх, шу йерриг йурт, йерриг Нохчийчоь йуьсу. Россера дерриг халкъаш набахти дохкалур дац ӏедале. Ас аьлларг а дай, кхузара дӏадовла. Аш цхьаммо сихвелла йа хотӏе хилла, оцу салташна тохахь, тхо ворхӏ лаьцна вуьтур вац, йуьртана доккха зулам дийр ду. Сихлур дац вай, собаре а хилла, ойла а йина, Дала дайттинарг дийр ду.
Иза а аьлла, кхин вист а ца хуьлуш, канцеляри чу вахара ӏела.
– И нах дӏа хӏунда ца бовлу цигара? – хаьттира кхеравелла бос баьхьначу Хамовс. – Цара лелочо гойту хьо церан баьчча хилар! Амма хаалахь, кху йуьртарчу ӏедална цара новкъарло йахь, хьан дегӏ тангӏалкхаш тӏехь кхозург йа хьо схьавеанчу йуха гӏуриг хилар!
– Ас аьлла-кх хьоьга, господин пурстоп, со кхеро ма гӏерта.