Тӏаьхьа таронаш йолчу нохчийн бераш деша дохуьйтура Соьлжа-Гӏала, Буритӏа, Петарбухе, Москох. Жим-жимма кхоллалуш, нохчийн интеллигенцин тоба а кхоллайелира, къоман исторически кхолламан бала болуш, ойла йеш нах а бевлира.
Шемалан заманахь бусалба динан ӏилма кӏорггера хууш, махкахь а, цул арахьа а бевзаш бара нохчийн молланаш Сулейман а, Атаби а. Амма нохчашлахь бусалба динан ӏилма даржорехь доккха гӏуллакх дан ца кхиънера и шиъ. Шемалан къизаллина дуьхьал гӏеттина Сулейман, имамаца йаккхий галморзахаллаш а хилла, цо шен корта баккхале Нохчийчуьра дӏа а ваьлла, туркойн, ӏаьрбийн мехкашка дӏавахара. Ткъа Шемалан гӏараваьлла наиб Атин Атаби даим дӏа тӏамехь хуьлура. Шемал йийсаре ваханчул тӏаьхьа, 1860–1861-чуй шерашкахь, Нохчийчохь хиллачу гӏаттаман коьртачу куьйгалхойх цхьаъ волу Атаби, гӏаттам хьаьшначул тӏаьхьа, ша бахьанехь паччахьан ӏедале халкъ ца хьийзадайта, шен лаамехь ӏедална тӏевахча, ссылке вахийтира. Цигара цӏа вирзича, дукха ца вехира иза.
Хӏокху заманахь Нохчийчохь бусалба динан ӏилма даржорехь доккха гӏуллакх деш гӏараваьлла ӏеламстаг вара Белгӏатара схьаваьлла, Шелахь вехаш волу Гӏойсаман Соип-Молла. Иза вевзара Дегӏастанахь а, Истамбулехь а, Каирехь а, Дамаскехь а, Багӏдадехь а. Цигарчу а, дуьненарчу а бусалбанашна бевзачу ӏеламнахаца кехаташ йаздеш, уьйр йара цуьнан, хӏорш вовшех дага а бовлура. Ӏаьрбийн йозанан графика тӏехь кхоьллинчу нохчийн абатца нохчийн маттахь, Шура-гӏалахь зорба а тухуьйтуш, жайнаш арахоьцура цо, нохчашна бусалбанийн коьрта декхарш а, шариӏат а довзуьйтуш.
Нагахь санна стеган похӏма а, ша дешнарг, шена гинарг, хезнарг схьалаца эс а делахь, иза дӏадийца цуьнан меттан говзалла а йелахь, цо мало ца йеш къа а хьегахь, цуьнга шен ойла тӏейирззина ӏилма ӏамалур ду. Къуръано, жайнаша йа кхечу ӏилмано бохург нахана дӏадийца а хуур ду, ӏеламстаг йа ӏилманча аьлла, наха цӏе а йоккхур йу цуьнан. Амма ишттачу стагана баккъалла а волу ӏеламстаг, ӏилманча хилархьама шегарчу ӏилманна тӏеоьшуш кхин дуккха а хӏуманаш ду. Шегарчу ӏилманан кӏоргалла а, шоралла а хаа хьекъал оьшу цунна. Амма ӏилма а, хьекъал а хиларх а ца хуьлу стагах бакъволу ӏилманча, ӏеламстаг.