доггаха гӏуллакх дахь, кхин а шортта ахча а лур ду хьуна, эпсаран чин а лур ду хьуна, бехира. Тӏаккха? Цӏа веача, Ведана-гӏопехь хьаькам йа пурстоп хир ву хьо, бехира. Царна хӏун хуьлу, церан хӏун дов, хӏара Россех дӏахьажаварх? Галаевс царна тӏе ма диллинера, лаьттах ваккхий а, стражникашка ваккха шайн йуьртара ши стаг караве аьлла.
Хӏинца йуьртахоша цунна хӏуй кхайкхийна. Йуха йуьрта вар а дихкина. Бераш кегий ца хиллехь, доьзал йуьртах баккха кхерам а тийсира. Амма Мудара марах доккхур ду иза йуьртахошна. Цхьа шо даьлча, белшаш тӏехь эпсаран хьесан погонаш а йолуш, детица кхелина тур кочахь, хьаргӏачу динахь ша йуьрта веача. Тӏаккха мила ваьхьар вара иза йуьрта ца вита. Тӏаккха Саьӏадгӏар, ӏабдигӏар, кӏанцӏара жӏаьлеш санна, меттанаш ара а даьхна, тӏаьхьарчу когаш тӏе а хӏиттина, цӏога лестош, хьесталур бу цунна. Тоьур ду, церан йалхо а хилла, Мудар вецаш лелар!
Цӏеххьана сецначу цӏерпошто оцу хазачу ойланех йукъахваьккхира Мудар. Дерриг урамаш а, вокзалах майда а йуьзна дӏахӏоьттина халкъ гира цунна. Тӏейаздина даккхий йозанаш долуш, йехачу гӏожмаш тӏехь дӏасаоьзна кӏаденаш а, дуткъий аннаш а дара нехан кортош тӏехула хӏаваэ хьалалецна. Мударна тӏехьа лаьтта стаг меллаша и йоза деша хӏоьттира:
– Ве-жа-рий… ла-ман-хой, шу ӏе-хий-на. Шайн йар-таш-ка ду-ха-дер-за…
И дерриг а халкъ вагонаш тӏегӏоьртира. Иза сацо ницкъ ца кхаьчна полицейскийш йухабуьйлура.
– Вагонийн неӏарш тӏечӏагӏа! – вагонийн неӏаршкарчу салташка мохь беттара полицин пурстоьпо, цӏерпоштан йохалла дӏаса а уьдуш.
Цӏерпошт цӏеххьана йуханехьа йолаелира. Шаьш Гуьмсе дӏадига бохку-те хӏорш аьлла, цецвелира Мудар. Амма цӏерпошт, гуттар а йуьстахчу цхьана некъа тӏе а йаьлла, чкъургаш а цӏовзийна, сецира. Тӏаккха, хьалхара йай вагонех дӏа а къастийна, лаьллина цхьана агӏор дӏа а бигна, хӏорш шаьш болччохь битира. Неӏарш тӏе а къевлина, готтачу корехула бен чу хӏаваъ догӏийла а йоцчу вагонаш чохь бисина нах, оцу бурконе а хевшина, хуьлуш долчух ца кхеташ, дӏатийра. Царна хезара арахь оьрсийн, нохчийн меттанашкахь детта оьгӏазе маьхьарий. Амма оцу хьолехь дукха ца лаьттира. Арахь тӏегӏертачу наха, уьш ларбеш лаьтта