дехна, чувеара хехь лаьтта эпсар.
– Господин полковник, Гати-Юьртара векалш баьхкина хӏара дехар дохьуш. Шаьш тӏеэцар доьху цара, – цуьнга кехат дӏакховдийра эпсаро.
Кехат дӏа а эцна, даржийра Галаевс.
– Хӏара-м ӏаьрбийн йозанца йаздина ма ду. Подпоручике Сейталиевга гочдайтий, чехкка схьада. Маса стаг ву уьш?
– Кхоъ.
– Муьлш бу, хаьий хьуна?
– Вай Гати-Юьрта дахча, цигахь вайна хьошалла динарш бу. Йуьртда а, массарна вевзаш волу хьолахо Хортаев а. Важа йуьртан къеда вуй-те, моьтту суна.
Галаевн хьаьжа йуккъе шад гулбелира. Уьш бацара цо бахкаре сатуьйсурш. Акхболатов коьртехь мятежникаш бара.
– Цкъа оцу кехата тӏехь йаздинарг хӏун ду, хьожур ву со. Цхьана сохьтехь латтабай, чубахкийта.
Ша гочдина кехат схьадохьуш, чувеара Сейталиев.
– Ас дан дезаш кхин гӏуллакх дуй, хьан оьздалла? – вулавелла дӏахӏоьттира подпоручик.
– Дац. Паргӏат хила.
Полковник деша вуьйлира гатийуьртахойн дехар:
«ВЕДАНА-ОКРУГАН НАЧАЛЬНИКЕ
ПОЛКОВНИКЕ ГАЛАЕВГА
Гати-Юьртан бахархоша шайн гуламехь шозлагӏа а дийцаре дира хьан омра. Гати-Юьртарчу нехан, дика ойла а йина, хьоьга а, хьол лакхарчу а хьаькамашка шайн сацам дӏакхачо барт хилла.
Тхо къен-миска адамаш ду. Тхайн доларчу ардашна тӏера даьллачу йалтица ӏаьнера а ца довлало тхо. Йуьртан хьаьрам йац тхан. Мехкан цани тӏера йаьккхина докъар цхьа-ши бежана ӏаьнах даккха а ца тоьу тхуна. Бераш ду тхан, тӏедуха а, когадуха а доцуш, дерзина. Тхо, даккхийнаш, тхаьш а ду тӏелхигаш кхозийна лелаш. Хьалха, оьрсийн паччахьан ӏедал тӏедале, хӏора шарахь йуьртан мохк боькъура оха кӏуьран цӏарах. Кӏентий кхиъча, цара зударий балийча, царна кха тардора, хьун а хьокхий. Хӏинца иза дан а таро йац тхан. Оханан латта а, цанаш а ӏедало хӏора кӏуьрана тӏечӏагӏйарца дӏадаьккхина мохк йухабекъар. Ӏедало хьун а пачхьалкхан долайаьккхина, тхан бакъо йац ирзош даха-м хьовха, атталла даго дечиг даккха а. Тхан йуьртан нийсса ах мохк ӏедалан гӏоьнца шайн долабаьккхина кхузарчу масех стага. Къелло бӏарзбина цхьаболу нах хӏинццалц Теркйисте а боьлхий, цигахь цхьана ханна лело мехах латта а оьций, йа гӏалагӏазкхийн хьолахошна йолах болх беш а, шайн доьзалшна сискал тарйан гӏертара.