соьца мостагӏалла лелор дуйла. Тхо хӏинццалц машаре, бертахь даьхнера: сайна динчу диканна дуьхьал дика а деш, вонна дуьхьал изза а деш.
Аллахӏ къинхетаме ву, цо ларвойла хӏара кехат доьшург!
Хьоьга тӏаьххьарчу хӏокху сайн кехата тӏехь йаздийриг Аллахӏан гӏоьнца кестта ас кхочушдийриг хиларан цхьа а тайпа шеко йац.
Хьо санна полковник хиллачу Добровольскийна ас динарг дика хаьа хьуна. Ас бехке во хьо:
1. Ахь законаш талхош, адамашна ницкъбарна а;
2. Со бахьана а лоьцуш, ахь данне а бехк-гуьнахь доцу адамаш Сибрех хьийсорна а.
Ас йуха а боху хьоьга, цхьа а тайпа бехк-гуьнахь доцуш айхьа лецна, чубоьхкина нах маршабаха. Ахь уьш марша ца бахахь, гаур, сан бекхамах кӏелхьарвер вац хьо. Хӏарра къамел шега дича, Добровольский ца кхийтира сох, хӏинца хьо а ца кхета. Амма ас кхетор ву хьо, гаур. Сан цӏарах бехк-гуьнахь доцу адамаш хьоьга дойуьйтур дац ас, гаур. Хьуна ма хаьа, ас эрна дош ца олий. Ас кхочушдо сайн дош.
Нагахь санна со, Гушмацӏин Зеламха, дийна висахь, хьайн зудчунна уллора аравала ца ваьхьаш, цӏа чохь хьатӏ оьхуьйтур ду хьан, жӏаьла! Хьо кӏиллоне, кхахьпане шарбал чохь хьатӏ оьхуьйтур ду ас, тӏаккха, жӏаьла санна, вуьйр ву.
Хьуна, со Туркойн махка дӏагӏур ву, моьтту, боху. Хӏан-хӏа, кхахьпа, иза хир дац. Шу чагӏалкхех ведда, Туркойн махка а вахана, сайна и эхь дийр дац ас. Гӏахь а, хьо вийна бен гӏур вац. Ахь лелориг дерриг хууш а, гуш а ву со. Хьо полковник ма вац, хьо нахаца лела кхахьпа ма ду.
Айхьа лецна. бехк-гуьнахь доцу нах маршабаха, тӏаккха ас дийна а, маьрша а вуьтур ву хьо. Амма ахь иза ца дахь, йийсаре вигна, къиза вуьйр ву хьо.