Кхузара дӏа шера го гӏап а, беш а, гӏант а. Зеламхина дика йевза йерриг гӏап а, канцеляри а, набахти а. Зеламхагӏеран доьзал чекхбаьлла оцу набахти чухула. Иза ша а, Гушмацӏа, Хаси, Солтамурд, ӏелаха, ӏизраил, Беци, Зезаг а. Жима Муслимат а.
Хӏокху масех шарахь Зеламхина цхьана минотана а ца дицделла Чорнис шена тоьхна тӏара. Цо жимачу Муслиматца цхьаьна Бецига набахтехь йаккхийтина кхо бутт хан а. Шен къеначу ден ден Бӏаьхон Добровольскийс озийна маж а. Шайн доьзал цара йуьртах баккхар а. Хӏинца йаьсса йу церан ков-керт. Гонахара керташ, ширйелла, йахкайелла, охьахирцина. Цӏенойн неӏ-кор а хьостамашца дӏакъевлина. Тховх хьалаболуш кӏур а бац. Кертара арадолуш бежана а, газа-уьстагӏ а дац. Жӏаьла лета а, нӏаьнеш кхойкху а ца хеза. Кешнаш санна, тийна, шийла, гӏайгӏане йу церан керт-ков.
Добровольскийх бекхам эцна цо. Амма шена дагахь боккха дагахьбаллам а буьсуш. Добровольскийца цхьаьна гӏопера цхьа хьаькам а, масех салти а вийра. Иза цуьнан лаамза хилира. Салтий шена тӏе тоьпаш йетта боьлча. Салтий байа-м цхьа бахьана а дара. Оцу дийнахь Добровольскийца цхьаьна тачанки тӏехь хилла эгӏашбатойн Саркагӏеран кӏант а велира цуьнан карах. Йалхитта-вуьрхӏитта шо долуш жима кӏант ма вара иза. Соьлжа-Гӏаларчу оьрсийн ишколехь доьшуш. Зеламхина бевзаш ма бара Саркагӏеран доьзал. Иза оьзда доьзал ма бу. Зеламхагӏарна а, царна а йуккъехь, мостагӏалла-м хьехор а дацара, атталла цхьа а тайпа хьагӏ-гамо а йацара. Мелхо а, оцу кӏентан воккхахволу ваша Ибрахӏим-бек хӏокхуьнан хьаша а ма вара. Лаккхара оьрсийн дешар а дешна, хьекъале, оьзда стаг ма ву иза. Зеламха санна, хӏокху ӏедална дуьхьал обарг ваьлла лелаш вацахь а, иза бӏаьрга дан ца дезаш. Шен халкъах дог лозуш а, цуьнгахьа гӏо доккхуш а, цуьнгара гӏайгӏа-бала шен ницкъ ма-кхоччу байбан гӏерташ а ву. Шен ницкъ ма-кхоччу хӏокху ӏедалан харцонашна дуьхьал къуьйсуш а ву. Зеламхин де доьхначу хенахь цунна дукха гӏо дина стаг а ву иза. Зеламхина цкъа а ца вицло лаамза шен карах велла и жима кӏант. Сих-сиха гӏенах а дуьхьалхӏуьтту…